ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан финансийн министра бакъ ца до махкахь "нах массанхьачул къен" беха бохург


Нохчийчоьнан финансийн министрна Тагаев Султанна хетарехь, ахчанца вон дац махкарчу бахархошкара хьал, деккъа дIа уьш ца боьлла шайн ахча банкашкахь латто. Иштта туьду цо Оьрсийчоьнан рейтинго Нохчийчоь цхьана вахархочо банкехь латточу ахчан барам уггаре лахара болу мохк бу аьлла билгалдаккхар.

"Нохчийн Республика меттигерчу банкашкахь наха ахча латторца Оьрсийчоьнан регионашлахь рейтинго тIаьххьарчех гайтар дац бахархошкара финансийн хьал доьхна ду бохург. Цхьаъ делахь, банкех цатешар ду иза, схьадогIу I990-чу шерийн «перестройка» заманара – хIетахь банкашкахь нехан ахча дайра", – дIахьедина Тагаевс.

Проблема дIаер ю нахана банкийн болх бовзуьйтуш хилча, аьлла хета министрна.

  • Деношкахь хаам бара, Нохчийчуьрчу бахархоша банкашкахь латтош долчу ахчанах юккъерчу барамехь цхьана вахархочунна 11,8 эзар сом кхочу, аьлла. Оьрсийчохь тIаьххьара меттиг бу иза. Нохчийчоьнан лакхарчу позицехь ю ГIалгIайчоь – 12,2 эзар сом, Дагестан -26,4 эзар сом. Рейтинг хIоттийна РИА "Новости" агенталло, Центробанкан терахьашна тIе а тевжаш.
  • Зазадоккху-баттахь Оьрсийчоьнан кегий а, юккъера барамерчу а ярташкарчу алапийн рейтингехь тIаьххьарчу шина меттехь яра Нохчийчоь а, ГIебарта-Балкхаройчоь а.
  • Хьалхо Къилбаседа Кавказера а, Къилба федералан гонера а мехкаш нисбелира жимчу а, юккъерчу бараман а бизнесехь бахархой хилар гойтучу рейтингехь тIаьххьарчу могIаршка. Уггаре эшна хьал ду ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG