ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лечкъийна блогерш Исаев а, Магомадов а лаьцна латто сацам бина Нохчийчохь кхело


Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело низамехь лору оппозицехь долчу Osal Nakh 95 телеграм-каналан модераторашна, 18 шо долчу Исаев ИсмаьIална а, 20 шо долу Магомадов Салахьна а лаьцна латто хан дIаяхъяр. ТIемалошна гIо дарна бехкево и шиъ.

Бутт хьалха, Зазадоккху-беттан 21-чохь, Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело апелляци луьстуш, юхаяьккхира Исаев талламан изоляторехь вита къастийна кеп, амма Старопромыслан кIоштан кхело шеггара дIаяхйина иза лаьцна латто мега хан, билгалдоккху "Медуза" портало, Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машанна тIе а тевжаш (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн могIара язйина"Медуза" – ред.)

Блогерийн адвокаташа бахарехь, процессуалан низам талхадо хьоло: Исаев лоцуш Старопромыслан кIоштарчу кхело юьхьараэцна мехкан Лакхарчу кхело юхабаьккхина болу сацам. Иза лаьцна латто къастийна хан Охан-беттан 7-чохь чекхъяьлла, адвокаташа Соьлжа-ГIаларчу талламан №1 изоляторе дехна жима стаг маьршаваккхар.

  • 2020-чу шеран Товбецан-баттахь "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано" гIо дира шина вешина Нижний Новгородехь дIатарвала. И шиъ дагахь вара Оьрсийчуьра дIаваха, амма ца кхиира. Масех де делира вежарий болу меттиг ца хууш, амма тIаьхьо карийра Нохчийчуьрчу талламан изоляторехь. Террорхошна накъосталла дина аьлла, лецира и шиъ.
  • Зазадоккху-бутт боьрзуш "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано" дIахьедира, вежаршна Магомадовна а, Исаевна а гергарчара кхерамаш туьйсу аьлла. Ткъа гергарчара видеохула дIахьедира, шайн талламчашна билла бехк бац, амма шайна ца тов бакъонашларъярхоша а, журналисташа а вежарех «гей» алар, иза шина кIантанна "диcкредитаци еш яржийна компани" ю, аьлла.

Маршо Радион алсамо керланаш видеосюжетехь:

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG