ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФБК-но довзийтина Russia Today холдинган белхахойн алапаш


Навальный Алексейн Коррупцица къийсам латточу фондо (Оьрсийчоьнан Iедало арахьара агент лору иза - ред.) зорбане даьхна Russia Today медиахолдинган белхахошна лучу алапийн документаш. Фондехь бахарехь, массо а агIор теллина документаш, шеконехь дац уьш долуш хилар.

ФБК-н информацица, Russia Today директора Николов Алексейс баттахь оьцу 2,6 миллион сом алапа, коьртачу редактора Симоньян Маргаритас – 1,7 миллион сом, цуьнан хьалхарчу гIовсо Бродская Елизаветас – 2,1 миллион сом. Билгалдоккху и ахча дерриг а бюджетера луш хилар.

ФБК-но билгалдаккхарехь, Russia Today холдинго иттанаш баттахь миллионаш соьмашкахь бюджетера ахча дойъу блогершна а, колумнисташна а, "Прекрасная Россия бу-бу-бу" цIе йолчу ютьюб-шоу декъашхошна а – оцу белхахойн коьрта Iалашо ю Коррупцица къийсам латточу фондана критика яр а, Навальныйх лаьцна маьттаза хаамаш кечбар а.

300-750 эзар сом алапа баттахь оьцучаралахь ю Рябцева Леся (хьалха "Эхо Москвы" радиостанцин коьртачу редакторан гIовс яра иза), Серуканов Виталий (Москварчу Навальный штабахь болх бира цо хьалха), Iедал хестор тIехь долу блогерш Придыбайло Константин, Кононенко Максим, Яковлев Станислав, "Роснефть" корпорацин пресс-векалан Леонтьев Михаилан кIант Дмитрий, Москварчу думин депутатан Бабаян Романан воI Георгий.

ФБК-но чIагIдарехь, оццул даккхий алапаш дац бух болуш луш: "Прекрасная Россия бу-бу-бу" ютьюб-канало ша кхоьлладеллачу цхьана шарахь эхашарахь ца гулвина 40 эзар хьажархо бен, ткъа буьйцучу блогерийн яц социалан машанашкахь итт-итт репост а.

ФБК-но Russia Today холдингерчу белхахойн алапашца дусту Оьрсийчуьрчу лоьрашна, хьехархошна лучу алапашца, дуккхаза а лахара ду оцу боюджетхошна кхочу ахчанаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG