ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказ ю молханийн мехаш лакхара гойтучу рейтингехь хьалхара


Адыгей ю Оьрсийчуьрчу аптекашкара молханийн мехаш гойтучу рейтингехь хьалхарчу кхаа регионан декъахь. Республикехь кхушеран хьалхарчу кварталехь молханийн мехаш бистина, стохкалерчаьрца буьстича, 16,9%. Иза уггаре доккха терахь ду Къилбаседа Кавказехь.

Хьалхарчу итт регионийн могIарахь мехаш массанхьачул а дукха бистинчех ю Кхарачой-Чергазийчоь (14,7%), Краснодар-мохк (13,8%), Ставропол-мохк (13,7%), Дагестан (13,4%). Рейтинг хIоттийнарг ю дуьненаюкъара аудитан-консалтинган FinExpertiza тоба.

Ерриг а Оьрсийчохь юккъарчу барамехь юьйцучу хена чохь молханийн мехаш лакхабевлла 9,4%.

Талламо гайтарехь, кхачанах йоцчу хIуманийн мехашлахь молханел мах лакхабаьлларш яц дешин хIуманаш бен. Мехаш бестарца кхоалгIачу меттехь ю цигаьркаш, царел тIаьхьа – машенаш а, гIишлонийн гIирс а.

  • Зазадоккху-баттахь шеран инфляци Дагестанехь яра 8,2%, ткъа юучун мехийн инфляци ерриг а Къилбаседа Кавказехьчул а, Оьрсийчохьчул а лакхаяьллера– 10%.
  • Охан-баттахь Къилбаседа Кавказера республикаш яра Оьрсийчоьнан бахархоша банкашка ахча дилларх лаьцна хIоьттийначу рейтингехь уггаре къенаш. Нохчийчохь цхьана стагна банкашка диллинчу ахчанах кхочура 11,8 эзар сом.
  • Кегий а, юккъерчу а барамерчу а ярташкахь бахархошна кхочу алапа гойтучу рейтингехь а яра Къилбаседа Кавказ тIаьххьарчу регионийн декъахь. Массарел тIаьхьа ю оцу рейтингехь Нохчийчоь а, ГIебарта-Балкхаройчоь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG