ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчо-гей гойту фильм яхна Къилбаседа Америкерчу документалан фестивалан декъа


Тахана, Охан-беттан 29-чохь, Канадерчу документалан кинон Hot Docs Toronto фестивалехь премьера ю "Тийна аз" ("Тихий голос") фильман. Нохчийчуьрчу ММА-латархочух, гей волчу жимчу стагах лаьцна ю иза. Оьрсийчохь "Река Валерик" ("Валарг-хи") цIе лелочу кинорежиссеран оцу фильман премьера яра хила езаш Москвахь дIаяьхьначу "Артдокфест" фестивалехь, амма ца хилла Соьлжа-ГIалара бинчу тIеIаткъамца доьзна.

Фильман анонс ю хIоттийна Къилбаседа Америкехь уггаре йоккха ларалучу документалан кинон Hot Docs Toronto фестивалан официалерчу сайте.

Кавказ.Реалиига ша йинчу комментарехь режиссера "Река Валерика" билгалдоккху шена Канадехь йоьду премьера мехала хилар – Нохчийчуьра а, ерриг Оьрсийчуьра а иттаннаш ЛГБТ-нах тIеэцна цигахь. Цо бахарехь, 40 сов нохчо ву Канадехь ЛГБТ-юкъараллера, даймахкахь лаьттачу кхерамах ведда вехаш.

"Фильман дистрибьютер ю Cat&Docs компани – документалан кинон Европера уггаре яккхийчу дистрибьютерех ларало иза. Цо баьккхина фильманна фестивале некъ. Халахеташ делахь а, фильм кеста хир яц интернетехь маьхза хьажалуш – контракто ца магадо иза. Документалан фильм маьхза хьажа йиш йолчу машанашка йоллушехь, дIайолу цуьнгара профессионалан фестивалан конкурсе яла бакъо", – дийцира режиссера.

Гергарчу кIиранашкахь "Тийна аз" фильм гойтур ю Ванкуверерчу Doxa а, Прагерчу One World а фестивалашкахь.

"Со воккхаве фильм тидаме эцна. Бакжрег аьлча, "Тийна аз" Советан Iедал доьхча бха бисинчу наханна гойла лаьара суна, уггаре хьалха Нохчийчохь. Суна мехала дара иза Москварчу "Артдокфест" фестивалехь гайтар, амма некъ хадийра цуьнан", – элира режиссера.

  • Документального кинон "Артдокфест" фестивало гайта кечйинчуьра юхаяьккхира Нохчийчуьрчу латархочух-гомосексуалах яьккхина "Тийна аз" фильм, Шамаев Сулиманах тера волчу стага кхерамаш тийсарца доьзна (цо ша Пачхьалкхан Думин депутатан Саралиев Шамсаилан гIоьнча ву боху шен инстаграмехь). Радио Свободан корреспондент хьажира къайлах гойтучу петарахь фильме, къамел дина режиссерца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG