ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Криминалан баьччас Гагиевс дийцина Къилбаседа ХIирийчоьнан вице-премьер муха вийра


ТIаьххьарчу шерашкахь, лаьцна, изоляторехь тоьшаллаш луш волчу криминалан баьччас Гагиев Аслана («Джако») дареш дина "Цхьааллин Оьрсийчоь" депутатна Макиев Зурабна а, сенатор лаьттинчу Тотоонов Александрна а дуьхьал. Оцу хьокъехь хаам бо "База" телеграм-канало.

Гагиевс дийцарехь, 2008-чу шарахь вуьйцучу шимма тIедиллина хилла Къилбаседа ХIирийчохь вице-премьер хилла Пагиев Казбек вен. "Болх" кхочушбина оццу шеран ГIуран-беттан 31-чохь Къилба ХIирийчуьрчу къайлахчу сервисан белхахочо Гагиев Олега ("Ботэ") – шен машенлелорхочуьнца цхьаьна Пагиев вийра герзаш диттина тIекIелдинчу цIеношна юккъахь.


Хаамийн гIирсаша дийцарехь, бекхам беш вийна Пагиев, дуьйцу, иза хьалхо гIоьртина хилла Къилбаседа ХIирийчохь премьер-министр лаьттина Такоев Сергей вен, бохуш.

Макиевс, Тотооновс, Такоевс бакъ ца до Гагиев Аслана дина дареш. Макиевс бахарехь, цо ша яздина хилла, Гагиевс шена кхерамаш туьйсу аьлла, арз, шен са лардеш, лелла гIагIадиллинчу машенца, улле ха а даьккхина.

  • 2018-чу шарахь Австрино Оьрсийчу экстрадици йира Гагиев Асланна, иза лецира. Гагиев бехкево Оьрсийчохь уггаре яккхийчех йолу, шена юкъа дуккха а тобанаш йогIу талорхойн гIера кхолларна. Оцу гIерано иттанашкахь хьаькамаш байъина мехах, хIаллакбинчаралахь бу низам Iалашдечу урхаллашкара нах, бизнесменаш, криминалан баьччанаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG