ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальный Алексейна дуьхьал кхин цхьа дов а айдина


Талламан Комитето бехктакхаман гIуллакх айдина оппозицин политикна Навальный Алексейна а, Фондан белхахошна Волков Леонидна а, Жданов Иванна а дуьхьал - наханна тIехь гIелоен а, церан могашаллина зен дохьу а цхьаьнакхетаралла кхоллар бехке диллина царна.

И дов гIаттийна хилла Чиллан-беттан юьххьехь, амма хIинца бен ца хиина цунах лаьцна. Хьахош ду дов айдина хилар Навальныйн Фонд а, штабаш а экстремизм яржош хилар зуьйш гIаттийначу девнан документашкахь, боху политикан сайто.

Оцу бехкан артиклца набахти кхачайо деа шарна. Цул совнах, стохка Стигалкъкъа-баттахь Оьрсийчоьнан президента шорбина оппозионерашна бохку бехкаш кхин а цхьана артиклца – экстремизманна бехкебинчийн бакъо яц пхеа шера чохь харжамашна юкъабаха, дагадоуьйту "Медиазоно".

Айдинчу девнах яц кхин цхьа а информаци. Карарчу муьрехь Навальный набахтехь воллу, бархI шо хьалха бехкевинчу девнан лорах. Кхело бинчу сацамца а догIуш, иза аравала веза набахтера 2023-чу шарахь. Жданов а, Волков а дозанал арахьа ву, шолгIаниг Оьрсийчоьнан дехарца лаца реза ца хилла Литува. Цунна бехке дуьллу кхиазхой низамехь йоцчу акцешка кхийлар а, гуламашкахь санитаран низам дохор а.

  • Хьалхо Москван прокуратуро дийхира кхеле Коррупцина дуьхьалояран фонд а (иза арахьарчу агентийн статусе яьккхина Оьрсийчоьнан Iедало), Алексей Навальныйн агIончийн штабаш а экстремизман юкъараллаш ларар. Цара пачхьалкхехь "конституцин хIоттам буху хьелаш кхоьллина", боху прокуратуро.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG