ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн зударийн бахамаш хьахийначу "Проектан" агIо веллачун статусе яьккхина Инстаграмо


Instagram машанерчу "Проект" интернет-газетан аккаунтана "веллачу ден" статус хIоттийна (пайдаэцархо велча хIоттош хуьлу иза). Оцу бахьаница журналисташ 24 сахьтехь Iийна шайн агIоне керла посташ ца хIитталуш. Иза цара дузу шаьш Нохчийчоьнан зударийн бахамах лаьцна дукха хан йоццуш арахецначу талламца. И материал араяьллачул тIаьхьа хаамийн гIирсан сайтанна маситтазза дина ddos-тIелатар. Оццу талламан хьокъехь пачхьалкхан "Грозный" телеканало дина арз бухе а хIоттош, дIакъевлина "Проектан" видео-агIо YouTube видеохостинго а.

"И гIурт соцуш бац Кадыров Рамзанан зударех лаьцна болу таллам арабаьлчхьана схьа. ddos-тIелатарца йохийра тхан сайт. YouTube-хьажам а дIакъевлина тхан оха "Грозный" каналера цхьа йоцца кийсак юкъалацарна. TikTok-е а тIехь дина тхуна арз, амма Instagram-ехь тхуна хилларг массо а хIуманал тамаше ду", – яздина журналисташа шайн телеграм-каналехь.

Охан-беттан 7-чохь арабелира "Проектехь" Кадыровн зударийн бахамах болу таллам. Цо бахарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун шина зудчун – Кадырова Меднин а, Ахмадова Аминатан а – долахь ю Москварчу тоьлла ларалучу меттехь 800 миллион сом мах болу хIусамаш. Соьлжа-ГIалахь и информаци цхьана а кепехь яц официало йийцаре еш. Кремлехь а ца делла журналисташна цара динчу хаттарна жоп.

Москвахь, премиум-классерчу хIусамийн "Соколиное гнездо" комплексехь Нохчийчоьанан куьйгалхочун уллерчу гергарчийн петарш хиларх лаьцна дийцира хьалхо журналисташа.

2018-гIа шо доьрзуш Кадыровс хIоттийначу декларацино бахарехь, оцу шарахь цо даьккхина ахча дацара 7,58 миллион сом бен, ткъа рогIерчу 2019-чу шарахь цуьнан хьал дебна 20-зза – кхаьчна 147, 9 миллон соьме.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG