ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Артдокфестан" гран-при елла нохчийн ММА латархочух яьккхинчу фильмана


"Артдокфест" фестивалехь
"Артдокфест" фестивалехь

Режиссеран Река Валерикан "Тийна аз" ("Тихий голос") фильмана документалан "Артдокфест" кинофестивалан гран-при елла, "хезаш доцург хаза а, гуш доцург ган а" корматалла хиларна. Оцу фильмехь дуьйцу, шен гергарчарна ша гей вуй хиъначул тIаьхьа, махкара аравала дезначу нохчийн ММА-н латархочух, хаам бина Свобода Радионо.

Фестиваль юкъаяьккхинчу режиссера Манский Виталийс совгIат дIалучу хенахь билгалдаьккхина, оцу бинчу сацамца цхьана а кепара политикан битам бац аьлла. "Жюрино билггал нийсонца бина сацам бу хIара, иза исбаьхьаллин, бараме, дагара алар ду". Кино яьккхинчарна кхо эзар долларшкахь ахча дIакхачор ду.

Бакъду, Оьрсийчоьнан хьовсархошна гина яц кино. Охан-беттан 5-чохь Москвахь гайта лерина хилла фильм юкъара яьккхира "цхьацца хиламийн тIеIатIкъам" бахьанехь. Вевзаш воцчу цхьана стага кхаам бинера цаьрга, Нохчийчохь "реза бац" яьккхинчу фильмана, нагахь санна, иза гайтахь яккхий проблемаш хила тарло аьлла.

"Новая газетан" информацица, кхерамаш тийсинчух тера волчу стага социалан машанашкахь ша пачхьалкхан Думан депутатан, зорбанан министр лаьттинчу Саралиев Шамсаилан гIоьнча ву боху.

"Оьрсийчоьнан Цхьаалла" партерчу депутата Милонов Виталийс фестивал хIоттийнарш жоьпе озор дийхира "Тийна аз" бахьанехь экстремизмалла толлуш.

Охан-беттан 2-чу дийнера 9-че кхаччалц Iедалхоша хаъал новкъарло а еш, дIаяьхьира Москвахь "Артдокфест". Оцу деношкахь фестиваль хила езаш яра Санкт-Петербургехь а, амма полицино а, Роспотребнадзоро а ца хилийтира, коронавирусан инфекцина тIехула диттина дозанаш дохадо аьлла.

Фестивалан тIаьххьарчу дийнахь SERB радикалан боламан жигархоша тIелатар дира "Артдокфест" йиллинчу Манский Виталийна.

Ригехь дIаяьхьира "Артдокфест" Охан-беттан 28-чу дийнера Стигалкъекъа-беттан 3-че кхаччалц. Циггахь хилира фестивалан совгIаташ дIасадоькъу церемони а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG