ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 21 дархо. Вирус къаьстина 267 стагаца


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар кхетта хиларца билгалбевллачу нахах велла 21 пациент, и цамгар карийна кхин а 267 стагехь.

Iедалера болчу хаамашца, Краснодар-махкахь 11 дархо велла, Ставропол-махкахь – 5, Кхарачой-Чергазийчохь - шиъ, ГIалмакхойчохь а, Дагестанехь а - цхьацца.

Пандеми кхайкхийчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 9 415 стаг. Краснодар-махкахь бу дархой массанхьачул дукха - 98.

Краснодаран кIошт+ 98 (45 981 пандеми яьржичхьана)
Дагестан + 45 (32 546)
Ставрополан мохк + 41 (53 320)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 22 (23 875)
ГIалмакхойчоь + 14 (20 474)
ГIалгIайчоь + 12 (15 488)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 10 (20 123)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 9 (16 773)
Нохчийчоь + 9 (12 042)
Адыгей + 7 (14 464)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 хааелла 255 086 -зза. Ерриг а Оьрсийчохь Стигалкъекъа-баттан 5-чу денна и терахь ду 4 847 489*.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулоцу аннекси йинчу ГIирмера хьал

XS
SM
MD
LG