ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан регионашлахь ГIалгIайчохь бу уггар а кIезиг алапа оьцу хьехархой


Оьрсийчохь уггар а лахара алапаш оьцу ГIалгIайчуьрчу хьехархоша. Юккъерчу барамахь, 2020-чу шарахь цара оьцуш хилла баттахь 23 691 сом. Церачул а жимма лакхара ду ГIебарта-Балкхаройчуьрчу хьехархойн - 24 096 сом, Кхарачой-Чергазийчоьнан- 24 339 сом ду, хаам бина "МК" газетано, "Росстатан" стохкалерачу зерех пайдаэцначу "Хьехархо" профсоюзан экспертийн жамIашна тIетевжина.

Баттахь 50 эзар соьмел а лакхара алапаш оьцучу Къилбаседананан йистан кIошташкарчу хьехархойн а, экономикан хьал кхиаме долчу федерацин субъектийн: Москван а, Москван кIоштан а, Санкт-Петербурган а бен дозалла дан йиш яц.

Хьалхо дийца даьккхира хаамийн гIирсашкахь, Къилбаседа Кавказан феедералан гонашкарчу регионашлахь ГIалгIайчоь ю уггар а хьалха банкроте яхна регион. Мехкан бюджетан хьал эшна догIура, Москва юкъагIорта а а оьшуш.

Къилбаседа Кавказерчу мехкашлахь 2020-гIа шо бюджетан дефицитца дирзина шинахьа – Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а.
Ша даьккхинчу ахчанал 3% сов дайъинера (бюджетан дефицит) Нохчийчоьно – иза ду 4,3 млрд сом. ГIалгIайчоьнан дефицит ю 1% я 0,4 млрд сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG