ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Bellingcat: Мишкин а, Чепига а Кремлна болх беш ву хIинца


ГРУ-н офицераш бу боху Чепига Анатолий а, Мишкин Александр а
ГРУ-н офицераш бу боху Чепига Анатолий а, Мишкин Александр а

Британин Iедалша ГРУ-н белхахочунна Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана а дIовш даларна а, Врбетиц гIалахь лелхийтарш дарна а Чехин Iедалхоша бехкевечу Оьрсийчоьнан тIеман иччархойн эпсаршна Мишкин Александрна а, Чепига Анатолийна а лаккхара даржаш делла, карарчу хенахь и шиъ Кремлна болх беш ву. Цунах лаьцна хаам баржийна дуьненаюкъарчу Bellingcat талламчийн тобанан декъашхочо, журналисто Грозевс Христос.

Билггал хIун белхаш беш ву и шиъ, стенгара кхаьчна и информаци цкъачунна дуьйцуш дац Грозевс, гергарчу хенахь кIорггера хаамаш Iорабохур бу ша аьлла, дош делла цо.

"Суна цкъачунна хууш дерг, и шиъ могуш хилар а, керла белхаш цу шинна балар а, и шиъ пачхьалкхана гIуллакх деш хилар а ду, хIунда аьлча, шпионаш санна кхин дIа болх бойтуьйла дац цу шинга", - билгалдаьккхина Грозевс, Чехин а, Болгарин а дозанаш тIехь кхочушйинчу операцех 2014-чу шарахь ГРУ-н шина эпсарна Оьрсийчоьнан Турплахойн мидалш елла хиларх тIе а тухуш.

ТIаьххьара нахана юкъахь гучуваьлла Мишкин а, Чепига а 2018-чу шеран Гезгамашин-баттахь, шаьшиъ Петров Александр а, Боширов Руслан а ву, Скрипаль Сергейна а, Юлияна а йинчу кIелонна шьшиъ бехке вац аьлла, Russia Today телеканалана лучу интервьюхь дIахьедеш. Иштта ГРУ-н шина эпсаро чIагIдора, Британи туристийн Iалашонашца ваханера шаьшиъ, бохуш.

ГРУ-н полковник лаьттинчу Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоI Юлияна а "Новичок" олу дIовш делира 2018-чу шеран Зазадокху-баттахь Британерчу Солсбери гIалахь. Дарбанан хIусамехь дехха дарба лелийначул тIаьхьа дийна дисира и шиъ.

Петров Александран а, Боширов Русланан а паспорташца оцу пачхьалкхе веана хилла Оьрсийчоьнан ши вахархо шеконе эцна Британин талламчаша динчу зуламна. Талламчийн Bellingcat центро а, цуьнан партнераша а чIагIдо, ГРУ-н эпсарш Мишкин Александр а, Чепига Анатолий а ву шиъ боъуш.

Кху шеран Охан-баттахь Чехин премьер-министро Бабиш Андрейс официалехь бехкаш дехкира Оьрсийчоьнан тIеман иччархойн урхаллана, 2014-чу шеран ГIадужу-баттахь а, ГIуран-баттахь а герзаш кхобучу Чехин Врбетицехь лелхийтарш дарна. Чехин къайлахчу сервисийн версица, и операци кхочушйинчех хила тарло Оьрсийчоьнан Инарла штабан урхаллин (ГРУ) лаккхара даржхой, шайлахь Мишкин Александр а, Чепига Анатолий а волуш.

ТIаьхьо Болгарин прокуратурано а болийра талламаш, Мишкин а, Чепига а, иштта Оьрсийчоьнан кхинболу бахархой а шайн пачхьалкхехь динчу цхьа могIа лелхийтаршна бехкк буй хьовсуш.
Оцу лелхийтаршна а, тIелетаршна а шаьш гунахь дац бохуш, дIахьедо Оьрсийчоьно.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG