ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровхоша чIир кхайкхийна Хазбиев реза вац ха лаца


Хазбиев Мохьмад
Хазбиев Мохьмад

Нохчийчуьрчу парламентан спикера Даудов Мохьмада а, Пачхьалкхан Думан депутатата Делимханов Адама а чIир хьейинчу жигархочо Хазбиев Мохьмада дуьхьало йина пачхьалкхан цIарах шена ха дан хьоьвзинчу ГIалгIайчуьрчу полисхошна. Оппозиционера хаам бина цунах лаьцна "Кавказский узел" интернет-гIирсе.

ЧIир кхайкхон бахьана хIоьттира, карарчу беттан 4-чохь инстаграмехь Хазбиевс видео яржийча, "Хазбиев Мохьмадан Нохчийчоьнан Iедалхошка а, гуьнахь боцчу блогершка а, провокаторшка а бина кхайкхам" аьлла.

"Цу тIехь Нохчийчоьнан куьйгалле вистхуьлуш, ас емал бина, сайна хетарехь, гIалгIайн къам сийсаздеш, къаьмнашна юкъа мостагIалла дулурш", - аьлла Хазбиевс.

Хазбиевс хааме даьккхира, видео зорбане яьккхина дукха хан а ялале, нохчийн парламентан спикер волчу Даудов Мохьмадера шен ватсапе чIир кхайкхош, хаам кхачарх. Жимма хан яьлча, шега телефон туьйхира, боху цо, Делимханов Адама, ща динчу къамелана шаьш реза дацар хоуьйтуш, цо а чIир хьейира шена аьлла.

ГIалгIайчуьрчу бакъоларъяран органийн белхахой шен хадархой лаца дуьхьал хилла жигархо. Хазбиевс билгалдаьккхина, нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнаш цхьатерра хета шена, цхьанне а сий айба а ца ойбуш, йа лах а ца деш.

Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада а, пачхьалкхан Думан депутата Делимханов Адама а шена чIир кхайкхийна аьлла, дIахьедира гIалгIайн оппозиционера Хазбиев Мохьмада кху беттан 4-чохь. Шен инстаграм-агIонехь дира цо цунах лаьцна дIахьедар.

Къаьмнашна юкъа цим туьйсучаьрга вистхуьлучу Хазбиевс билгалдаьккхира, Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь гIалгIай шайн интересашна ямартбевлира Нохчийчуьрчу мухIажарийн интересаш хьала а айбина, аьлла.

Карладоккху, 2019-чу шеран бIаьста блогерна Абдурахманов Тумсона чIир кхайкхийра Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада. Кадыров Ахьмад-хьаьжех ша ца веша, иза къоман ямартхо лору ша аьлла, Абдурахмановс дIахьедар дича, цунна жоп луш, чIир кхайкхийра спикеро. Оцу сохьта, официалехь сихха дIакхайкхийра Соьлжа-ГIалано: цо чIир хьахийна а яц аьлла.

2020-чу шеран ГIура-баттахь хааме даьккхира, ГIалгIайчохь Хазбиевна дуьхьал даьккхина административан гIуллакх сацийна кхело аьлла. Цуьнан хьокъехь гулъйина материал кхачамбацарш дIанисде аьлла, Наьсарарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан декъе юхаяхьийтира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG