ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абдурахманов Тумсо: Суна тIелатар дайтинарг Кадыров ву


Блогер Абдурахманов Тумсо

Хангошвили Зеламха вийча, Навальный Алексейна дIовш делча Европерчу паччхьалкхаша реакци ма ярра, шена хетарехь, ша вен гIоьртинчу нахана дайн таIзар дина хиларна терго яр хьехна Швецин Iедалхошна нохчийн блогеро Абдурахманов Тумсос. Deutsche Welle ресурсна ша еллачу интервьюхь дина цо оцу кепара дIахьедар.

"ХIара тайпа зуламаш лахлур дац, Европехь таIзар дар иштта дайн мел ду", - аьлла блогеро.

Ша кхерамзаллехь ву аьлла ца хета цунна, хIунда аьлча, шена дина тIелатар "Европерчу нохчийн буй-тIара санна хIума дацара, хIара Оьрсийчоьнан режим ю, оьрсийн хьаькамаш бу, пачхьалкхан официалан нах бу", - аьлла Абдурахмановс.

Цкъачунна, блогеро чIагIдарехь, Швецин Iедалхошкара цхьана а кепара реакци хилла яц.

"Вайна гуш ма ду, цхьана а кепара барамаш тIеэца лууш яц Швеци оцу зуламца доьзна.Кхел йирзина, оцу инцидентна тIехьа кхин пачхьалкх ю аьлла, бина суьдхойн сацам а бу. Ма-дарра дийцича, политикан цхьа барамаш хила ма безара кхунна тIаьхьа", - дIахьедина Абдурахманов Тумсос.

Дипломаташ пачхьалкхера арабахар - тIех кIеда барам бу, Европехь динчу кхечу тIелатаршца дуьстича аьлла, хета Тумсона.

"Навальный Алексейца доьзначу гIуллакхца вайна гуш ду, санкцеш дуьхьалъяхар. Дипломаташ арабахарал а шога таIзар ма ду - санкцеш. Оцу кепара бекхам хила безара, соьга хаьттича. Ткъа Швеци дагахь яц оцу тайпа барамаш тIеэца", - аьлла блогеро къамелехь, шена динчу тIелатарна тIехьа верг Кадыров Рамзан хилар билгалдоккхуш.

"ХIаъ, Кадыров Рамзан ша ву. Цуьнан го Кадыровх дIакъастабойла дац. ФСБ-х Путин а санна. Хангошвили Зеламха вейтинарг ФСБ ю вай бохучу заманчохь, Путинах къаста ма ца йо къайлаха сервисаш, хIунда аьлча, цуьнан куьйг и долу дела. Иштта нах хIаллакбен Путинан куьйг ду Кадыров а, цуьнан го а. ХIокху доллучунна а тIехьа лаьттарг Кадыров а, цуьнан раж а ю. Европа тоххара кхета езаш яра, ФСБ а, ГРУ а, Кадыров а - уьш берриш а Кремлан куьйгаш дуйла. Европан мехкашкахь нах бойъу машен хилла яьлла Кадыровх", - дIахьедо блогеро.

Швецехь оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона вен Iалашонца тIелатар динчу Оьрсийчуьрчу бахархойн хьокъехь шаьш бина сацам бовзийтира Швецин суьдхоша кху кIиранах. Кхеле хIоттийначу Мамаев Русланна набахтехь даккха итт шо хан кхайкхийна, ткъа цуьнан декъахочунна Шапиаева Эльмирина бархI шо.

Шведахойн прокуроро Линдквист Пера бахарехь, Нохчийчоьнан хиллачу президентна Кадыров Ахьмадна йина критика бахьана долуш дина хилла блогерна тIелатар.

"Талламчийн лараш Соьлж-ГIала йоьлху", - дIахьедина Линдквиста, Евле гIалахь кхелан ладегIарш доьлхучу хенахь, яздо Шведехь арадолучу Aftonbladet газетано.

Лурчаха Зазадокху-баттахь Абдурахмановс йинчу критикана тIехула блогерна чIир кхайкхийра нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада.

Кхелан процессехь къастийна, кIело кечйина хилар. Дийцарш дIахьош цхьанакхетарш хуьлуш хилла церан Москвахь а, Соьлж-ГIалахь а. Цул совнах, Литвахь эцна машен тIаьхьо Швеци ялийна а хилла. Блогер вуьйриг Мамаевна 60 эзар евро ахча лур ду аьлла, чIагIо йина хилла.

Кхелан сацамехь билгалдаьккхина, Мамаевна а, Шапиаевана а тIедожийна хиларх Абдурахмановна дала 140 эзар шведийн кронашкахь компенсаци. Набахтехь тоьхна хан яьккхинчул тIаьхьа даймахка депортаци йийр йолуш ю шинне а, юхабахка бакъо а ца юьтуш.

Чиллан-беттан 26-чу дийнахь Швецерчу Евле гIалахь дира Абдурахмановна тIелатар. Официалехь йоцчу информацица, Оьрсийчуьра веана Мамаев Руслан ву иза динарг. Блогеро чIагIдарехь, Соьлж-ГIалара Iабдурахьман цIе йолу стаг ву киллер ваийтинарг. Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь Оьрсийчоьнан кхин ши вахархо а лаьцнера Швецехь Абдурахмановна динчу тIелатарца доьзна.

Яхначу аьхка Швецин полицино хаам бира Абдурахманов вен гIоьртинчаларахь Хасханов Имран а ву аьлла.

Нохчийчуьрчу куьйгалхошна оппозицехь лаьтта блогер ву Абдурахманов Тумсо. Iедало шена тIе зуламаш хьерчо долийча битина цо шен даймохк.

Хьажа комменташка (2)

ХIара форум дIакъевлина ю.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG