ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нах идочу хьелашкахь лаьтта дахар. Нохчийчохь нах идорах дуьйцу оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос


Блогер Абдурахманов Тумсо
Блогер Абдурахманов Тумсо

Дахначу шарахь Нохчийчохь дуккха а нах идийра. Кху аьхка вайра Умаров Мовсар, ткъа гурахь дийца даьккхира IADAT телеграм-каналан хилла модератор Тепсуркаев Мовсар варах. IАДАТАН информацица, шина баттахь, Лахьан-баттера схьа дуьйна, ницкъаллийн структурашкарчу наха Нохчийчохь лачкъийна вигира 132 стаг.

Нохчийн Iедална резабоцурш ур-аттала Европехь а кхерамзаллехь бацара: Чиллан-баттахь вийра Францехь ютьюуб-блогер Алиев Iимран (Мансур Старый), Товбеца-баттахь тапча йиттина вийра, Венера Анзор аьлча дика вевзаш волу блогер Умаров Мамихан. Чиллан-баттахь вен Iалашонца тIелатар динера блогерна Абдурахманов Тумсона. Швецехь иза вехачу хIусамчу вала аьтто баьллера киллеран, амма блогеран ка елира кIелхьарвала. Хьалха а санна, тахана а дуьйцу цо Нохчийчохь нах хьийзабарх, ткъа шен каналехь видеошка хьуьйсу нехан гIуллакх, полисхойн каракхаьчначул тIаьхьа, кхин а тIе чолхе долу боху цо.

Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Абдурахмановс дийцина Нохчийчохь а, цул арахьа а лелочу репрессех а, иштта, шена динчу тIелатаран хьокъехь кхелахойн вердикте ша ладоьгIуш хиларх а.

- Стохка Чиллан-баттахь хIуна динчу тIелатарх гIуллакх листина бевлла. ТаIзар муха хиларе сатуьйсу ахь?

- Дечкен-беттан 8-чохь кхелахоша бовзуьйтур болуш бу шайн сацам. Прокуроро мел лахара а итт шо хан ехна тIелеттачунна, ткъа цуьнан декъахочунна бархI шо. Оцу тIехь суьдхой совцур бу аьлла, ладоьгIуш Iа со. Бакъдерг аьлча, сан кхетамехь, кIеда таIзар ду иза, хIунда аьлча, шведахойн системехь УДО-хула оцу хенан кхолагIа дакъа тIера доккхуш ду, нагахь санна, и стаг дуьххьара кхеле хIоттийна велахь.

- Нагахь санна, вердикт дайн хилахь, юха а латкъамбийр буй ахь?

– Нагахь санна, прокуратурано йоьху хан царна тохахь, тамаш бу-кх оха латкъам бахь. Иштта лаам бан-м бац.

– Кху шарахь Европехь нохчийн политикан ши мухIажир вийна, ютьюб-каналехь блог йиллина хилла. Масех мигрантна кхерамаш а тийсира, шайна тIехьа бевлла нах а хаабеллера царна. Даим а хьайн дахарна кхерам лаьтта аьлла хетий хьуна?

- Нохчийчохь Оьрсийчоьнан режим мел лаьтта, суна цкъа а хетар вац суо кхерамзаллехь. Суна цкъа а тIаьхьара бер бац и кхерам. Цхьа тамашен фон ю-кх хIара, хьуна лаахь а, ца лаахь а, амма кхетамехь а волуш, хьо дIавулу. Хьо машенца, я кемана тIехь цхьанхьа воьдучу хенахь, даим а корах арара цхьа гIовгIа лаьтта хьан лергаш чохь: мох, машенан моторан, чкъургийн тIак. И ца хила йиш яц, и йоцуш хьан дIасагIойла а дац, хьо цунах дIавулу, тIаккха а хь и гIовгIа тергал а ца йо. Изза хьажам бу сан кхерамзалле а. Амма, дац иза, ас и гIовгIа тергал ца йо бохург, цхьацца бахьанаш ас леладо суо Iалашвеш, амма со кхета – и доцуш сан дахар хуьлуийла яц. Еххачу хеначохь соьцу хиндерг ду иза. Нохчийчуьра раж хийцалур ю аьлла. цкъачунна вайна гуш цхьа а таро яц.

– Цкъа мацца а хьо даймахка гIура ву аьлла, дегайовхо юй хьан?

– Ю дера, со цунах теша, дегайовхо а ю сан. Амма сайха дерг боху ас. Нохчий санна, тхаьш даймахка дуьсур хиларх теша со. Тхан дахарехь хIара дуьххьара хIума дац: 1944-чу шарахь депортаци лайра оха, 13 шо даьлча юхадирзира. ХIокху зилах чекх а девр ду тхо: буьйса мел еха хиларх, са ма хуьлу.

– Кху шарахь Нохчийчохь а, цул арахьа а дуккха а нах идийра, Iедална критика ечарех болу. Тепсуркаев Салманах а, Умаров Мовсарах а, кхинболчех а хилларг хуур ду аьлла, цхьана а кепара дегайовхо юй хьоьца?

– Мацца хиина а, оцу нехан кхолламех вайна хуур ду. Амма тамаш бу- кхаъ самукъане хилахь. Уггар а доьхнарг хIун ду аьлча, Нохчийчохь Оьрсийчоьнан режим мел лаьтта, нах идочуьра совцур бац. Халахеташ делахь а, нах лечкъор дахарехь, кхиндерг а санна, могIарера хIума хилла дIахIоьттина, цунах а цхьана тхо доьлла.

– Нохчийчохь вайначу Умаров Мовсаран гергарчара дIахьедира, ютьюбехь хьан роликашка хьежна аьлла, иза лаьцнера бохуш. Вуьшта аьлча, Нохчийчохь пачхьалхкан хьукматашкарчу бахархошна тIедиллина ду бохуш информаци ю, хьан канал схьа а йоьллуш, видеошна бухахь негативе комментареш язъяр. Цаьрга хьовса ца хьовсу уьш, комментари юьтучу хенахь?

–Умаровх дерг аьлча, сан роликашка хьежна аьлла, лачкъийна вигина иза бохуш, дуьйцура, цо суна цхьа информаци яийтина а баьхнера. И бакъ дац. Сан роликашка хьежнарг лачкъо а тарло, низамехь доцуш цунна таIзар дан а мега, иза вен а тарло. Тамашен ду, оцу юккъехула ютьюбехь агIонаш схьа а йоьллуьйтуш, дизлайкаш а хIиттош, соьга негативе комментареш язъяйтар. Соьга ладугIуш хилла боцучу нахана а йовзуьйту цара ишта сан канал. Сан контенте хьовса цара шаьш декхаре бо уьш. Сан роликашка хьийсаро церан гIуллакх кхин тIе а чолхе доккху.

– Кху бIаьста Нохчийчохь, кхечу регионашка ладоьгIча, къаьсттина шога карантинан барамаш юкъабехира. Оцу дозанаш деттаро адамийн бакъонашна мел тIеIаткъам бира аьлла хета хьуна?

– Цхьа иштта бIегIийла ситуаци ю хIара, шен ма хуьллу нах охьатаIо, уьш сийсазбан, царна тIехь Iазап латтон Кадыровн аьтто беш. Дахначу шарахь мел хилларг дагалоцур вай: карантин ража йохийнера аьлла, цхьана жимчу стагна мийра беттар, цул тIаьхьа цуьнга а, цуьнан гергарчаьрга а гечдар дехийтар.

Кеста хIара дерриг а шен карара дер дуйла а хууш, цундела шен ма-хуьллу ондда къам хьийзон иза гIерташ санна хета.


***
Парламентан спикерна Даудов Мохьмадна мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана чIир кхайкхор тIедожийна, Соьлж-ГIалахь полисхошна тIелатар динчу ТимурзиевгIеран вежарийн Хьасанан а, Хьусейнан а гергарчу нахана. Байначу баттахь Соьлж-ГIалин юккъехь динчу тIелатарехь вийра 22 шо долу полисхо Джабраилов Мохьмад, чевнаш йира цуьнан белхан накъостна. ГIалгIайчуьра схьаваьлла ТимурзиевгIеран ши ваша Хьасан, Хьусейн хиллера и шиъ аьлла, дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. ТIелатар динчех цхьаъ вийра полисхоша, лазийна шолгIаниг дарбанан цIийне вигира. Цул совнах, интернетехь яржийра полисхошна тIелатар деш гойту видео а.

Материалан оригинал кхузахь ю.

XS
SM
MD
LG