ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

IADAT телеграм-канал : байначу баттахь Нохчийчохь лачкъийна 47 стаг


Охан-баттахь Нохчийчохь полисхоша лечкъийна бигинчу нехан цIерашца статистика Iораяьккхина оппозицин IАДАТ телеграм-канала. Байначу баттахь 47 стаг вайна, жигархойн зерашца.

Кавказ.Реалиига ресурсан админаша дийцарехь, лечкъийначу нахах хIоттийначу тептарера пхи стаг - Мамуев Нурмохьмад а, Шовхалов Имам а, Нукаев Гилани а, Ахмадов Iела а, Сайдулаев Мохьмад а маьршаваьккхина.

Шайн статистика лахара ю билггал долчу хьолаца дуьстича, лечкъийна бигина массо а бац оцу тептарехь аьлла, билгалдаьккхина IАДАТА. "Лечкъийначу нехан гергарнаш тапъаьлла мел Iа, хIуммаъ а хийцалур дац", - аьлла, тешна бу уьш.

Францино Оьрсийчу депорт а йина, цигара Нохчийчу дIавигина Гадаев Мохьмад вайра хьалхо. ТIаьххьара гина иза цуьнан гергарчарна байначу беттан 22-чохь.

Бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн могIара язйина "Мемориал", амма цо тIе ца обцу шена и статус – редакцин билгалдаккхар) хьехна дуьненаюкъара организацеш юкъаозор Нохчийчохь бовш лаьттачу нахана гIо дан. Бахьана хIоьттира, 2017-чу шарахь махкахь кхел йоцуш нах байъина аьлла, дийца даьккхича.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG