ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Amnesty International юкъаралло политикан тутмакх лерина Навальный юха а


Дуьненаюкъарчу бакъоларъяран Amnesty International юкъаралло дIахьедина, Навальный Алексей политикан тутмакх хилар шаьш юха а тIечIагIдина аьлла. Чиллан-баттахь оцу статусах ваьккхинера иза, цо яхначу заманчохь шен къамелашкахь "мостагIалла даржон мотт" бийцарна. Хан-зама яьлча цуьнан хьежамаш а, лелар а хийцадала тарло аьлла, гIалатах кхетта уьш.

Организацин сайтерчу дIахьедарехь аьлла ду, Навальныйн статус тIечIагъярца Amnesty International юкъаралло билгалдоккхуш хиларх, цуьнан бакъонаш ларъян езаш хилар.

Оьрсийчоьнан оппозиционерца Iоттаделлачу хьоло шаьш декхаре дира, шайн чуьра низамаш юхалиста аьлла ду бинчу хаамехь.
Иштта бакъоларъярхоша билгалдаьккхина, политикан тутмакх статус яларца цуьнан политикан программа тIеэцар дац аьлла.

"Тоххара Навальныйс дина цхьадолу дIахьедарш емалдан догIу, оха цу тIехь бакъ ца во иза. Бакъоларъяран организаци хиларе терра, Amnesty International-о кхин дIа а къийсам латтор бу расизмца а, муьлххачу кепашкахь лелочу дискриминацица а, уьш миччахь нислахь а", - яздо хаамехь.

Оцу юкъанна Amnesty International юкъаралло ца дийцина, муьлхачу къамелашна тIехула ваьккхинера шаьш Навальный хьалхо еллачу статусах. Хетарехь, ша оьрсийн националист ву бохуш, иза лелачу заманчохь оппозиционеро дина къамелаш ду цара дуьйцурш.

2007-чу шарахь яздархочуьнца Прилепин Захарца а, политикца Гуляев Сергейца а юкъахь "Халкъ" ("Народ") аьлла, националистийн болам вовшахтуьйхира оппозиционера. Мигранташна провокаци лелош, реклама йора органгизацино.
Цул тIаьхьа "Яблоко" партин могIаршкара дIаваьккхира иза национализмна тIехула, "политикан зен дарна" аьллачу чулацамца.

Навальныйн агIончаша дIахьедора, Оьрсийчоьнан Iедалхойн инициативаца гIаьттинера организацехь цуьнан статусна гонах къовсам аьлла.

Карарчу муьрехь Навальный набахтехь воллу, бархI шо хьалха бехкевинчу девнан лорах. Кхело бинчу сацамца а догIуш, иза аравала веза набахтера 2023-чу шарахь.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG