ГIалгIайчуьрчу адвокатна Беков Мохьмадна а, оппозиционерна Хазбиев Мохьмадна а ша чIир а кхайкхош, кхерамаш тийсарх тоьшаллаш даладе шена аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада.
Кху деношкахь социалан машанашкахь а, хаамийн гIирсашкахь а цхьана даьржира, парламентан спикера Даудов Мохьмада кхерамаш а туьйсуш, чIир хьейина ГIалгIайчуьрчу шина вахархочунна, бохуш.
ПIерасканан дийнахь пандемица къийсам латточу оперативан штабан кхеташо йирзинчул тIаьхьа "Чечня Сегодня" агенталлан журналисто цунах лаьцна деллачу хаттарна ишта жоп делла Даудовс: "Социалан машанашкахь даим а цхьацца провокаторш хуьлу, шайн мах айбан гIерташ. Царна тхешан хан яйа лаам бац тхан. Нагахь санна, чIир хьейина йа кхерамаш тийсина тоьшаллаш делахь, юкъараллана дIадовзийта уьш, йа бакъоларъяран органашка бовла".
Карладоккху, Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада а, пачхьалкхан Думан депутата Делимханов Адама а шена чIир кхайкхийна аьлла, дIахьедира гIалгIайн оппозиционера Хазбиев Мохьмада кху беттан 4-чохь шен инстаграм-агIонехь. Цо бахарехь, чIир хьеяран бахьана ду - ши де хьалха цо видеохула бина кхайкхам. Цу тIехь Хазбиев вистхилла Нохчийчоьнан куьйгалле, емал бина, цунна хетарехь, гIалгIайн къам сийсаздийраш.
Хазбиевна тIаьххье гIалгIайн адвоката Беков Мохьмада фейсбукерчу шен пена тIехь яздира, Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада шена кхерамаш тийсина аьлла. Бахьана ду элира цо, оппозиционер волчу Хазбиев Мохьмаде узуш, ша язйина пост.
2019-чу шеран бIаьста блогерна Абдурахманов Тумсона чIир кхайкхийра Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада. Кадыров Ахьмад-хьаьжех ша ца веша, иза къоман ямартхо лору ша аьлла, Абдурахмановс дIахьедар дича, цунна жоп луш, чIир кхайкхийра спикеро. Оцу сохьта, официалехь сихха дIакхайкхийра Соьлжа-ГIалано: цо чIир хьахийна а яц аьлла.