ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кабулехь динчу эккхийтарехь байъина а, лазийна а иттанннашкахь дешархой бу


Кабулехь динчу эккхийтарехь лазийнарг дарбанан цIийне юьгуш ю. Стигалкъекъа-беттан 8-гIа де
Кабулехь динчу эккхийтарехь лазийнарг дарбанан цIийне юьгуш ю. Стигалкъекъа-беттан 8-гIа де

Кабулан малхбузерчу школана уллохь динчу эккхийтарехь мел лахара а 30 стаг вийна, чевнаш йина 50-нна, яздо Свобода Радионо. Дукхахболу белларш а, лазийнарш а 11 шарера 15 шаре кхаччалц болу кхиазхой бу.

ОвхIанистанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векало хаам бира, эккхийтар шоьтан сарахь дина, меттигерчу хенаца пхоьалгIачух ах даьлча аьлла. Цо дийцарехь, белларш а, лазийнарш а кхин а алсам хила тарло, юьхьанца дIакхайкхийначул а.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто динчу дIахьедарехь боху овхIанхойн къоман гIо лоцу Цхьаьнатоьхначу Штаташа, Кабулерчу школана гергахь дина шога тIелатар емал до шаьш аьлла.

ОвхIанистанан дешаран министраллан векало дIахьедина Reuters агенталле, дешархой кхаа рожехь доьшуш бара, шолгIа раж зудаберашна лерина яра аьлла. Дукхахболу байъинарш шолгIачу рожера кхиазхой бу.

Социалан машанашкахь яржийначу видеош тIехь гуш ю эккхийтаро йитина тIаьхье: школан гIишлона хьалха дIасалестийна цIийш тIехь берийн рюкзак-тIоьрмигаш а, жайнаш а. Оцу юкъанна гергахь долчу цIеношна тIехула лаьтта эккхийтаро битина кIур.

Шоьтан де довш динчу тIелатарх жоьпала цхьаммо а тIелаьцна дац. Талибан боламан векало шайх хилла шеконаш дIа а тоттуш, емал бина теракт динарш.

ОвхIанистанан президенто ГIани Ашрафа тIалибашна бехкаш дехкина, уьш тIелатарна бехкехиларх цхьа а тоьшалла а ца далош.

Кабулерчу шиIтойн кварталашна тIелетарш дора кест-кеста террорхойн "Исламан пачхьалкх" олучу тобанхоша. Стохка, масала, бераш дуьненчу дохучу хIусамна динчу тIелатарх жоьпалла Iедалхоша тIедожийра экстремистийн герзашца лелачу тобанна. ХIетахь байъира доьзалх болу зударий а, хIинцца дуьненчу девлла бераш а.

Европан юкъаралло емал дина Кабулехь хилла тIелатар, "терроризман боьха акт" ду иза аьлла.

Кабулехь цIий Iанор нисделла, ОвхIанистанан дозанаш тIера тIаьххьара бисина Американ Цхьанатоьхначу Штатийн эскархой арабохучу деношкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG