ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн полкан буьйранча - "Оьрсийчоьнан Турпалхо". Нах байъарна бехке хила тарло иза


Президента Путин Владимира "Оьрсийчоьнан Турпалхо" цIе тиллина Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу полкан буьйранчина Чалаев Замидна. Хаамийн гIирсаша дуккхаза а яздина иза Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш талхорхочу нехан декъахь хиларх лаьцна.

Чалаевна лаккхара цIе яларх лаьцна "ВКонтакте" машанерчу шен агIонехь хаам баржийна Кадыров Рамзана. Ткъа цо дуьйцу 268 ноьмар йолу буьйр цкъачунна гучудалаза ду Кремлан сайта тIехь.

"Цхьа а шеко яц Чалаевн Замидна Оьрсийчоьнан турпалхочун цIе йогIуш хиларх. Цо болх дика вовшахтохар, эвссара гIуллакхдар, ша майра хьовзар бахьана долуш аьтто баьлла Бютукаев Аслан коьртехь лаьттина йолу Нохчийн Республикера тIаьххьара банд-тоба йохо", – дIахьедина Кадыровс.

2021-чу шеран Зазадоккху-баттахь Чалаевс куьйгалла ден Кадыровн цIарх йочу полк рогIехь гIараелира "Новая газетехула" оцу полкехь гIуллакх динчу Гезмахмаев Сулеймана Нохчийчохь кхел а йоцуш нах бойъуш хиларх лаьцна дийцича.

  • "Къоманна ямарт" лара веза низам дохийнарг милла а, элира Чалаевс шен полканна хьалха 2019-чу шарахь.
  • Шелахь дина "Бусалбанийн дозалла" маьждиг хьарам ахчанах дина аьлла социалан машанашкахула къамел даржийна кегий нах лийцира хан хьалха. Царна таIзар деш дакъалецира Чалаевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG