ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьждиг бен дац кхаьънаш ца оьцу меттиг


Кубань а, Ставрополан мохк а, ткъа иштта Дагестан а хьалхарчу меттигешкахь ю Оьрсийчоьнан къилбехь кхаьънаш (взятки) эцарца. Иштта жамI даладо Инарлин прокуратуро 2021-чу шеран Дечкен-беттахь дина зуламаш дагардича. ТIехула тIе цхьана Краснодаран махкахь хIара шо доладелчхьана гучудаьлла коррупцица 121 зулам дина хилар. Оцу гайтамехь хьалхара меттиг яьккхина оцу регионо ерриг а пачхьалкхехь, Москва а, Санкт-Петербург а тIаьхьа а юьтуш – Москвахь эцна 107 кхаъ, ткъа Санкт-Петербургехь – 75.

Къилбаседа Кавказан федералан го схьаэцча, уггар лакхара коррупцин тIегIа ду Ставропалан махкахь. ХIара шо доладелчхьана кхаъ эцна 40 меттиг гучуяьлла цигахь. Дагестанехь дина оцу тайпа 35 зулам. Нохчийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а 13-зза гучудаьлла кхаъ эцна хилар, ГIебартой-Балкхаройчохь и терахь ду – 5. Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIалгIайчохь а кху шеран хьалхарчу кхаа баттахь коррупци лелийна меттиг гучуяьлла яц.

Инарлин прокуратуро ца дийцина биллгал оцу зуламийн чулацамах а, кхаьънаш оьцуш лелийначу ахчанан барамах а лаьцна. ТIехула тIе цо йохийна бохуш юьцуш ю криминалан кодексан ши статья – "кхаъ эзар" а, "кхаъ балар" а. Цундела мегар дац Оьрсийчоьнан къилбехь йолчу коррупцин тегIа билггал иштта ду аьлла чIагIдан, боху Кавказ.Реалиино хаттарш деллачу эксперташа.

Кубань

Кхушеран коьрта коррупцин дов эккхар дара Кубанехь, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран хила мегаш ду бохуш дуьйцучу, Геленджикерчу гIала-цIенна гонаха бина таллам. Чиллан-баттахь низамаш лардочу органийн белхахоша лецира цхьанаметта кхаа муниципалан кIоштийн куьйгалхой- Ейскан а, Щербиновскаян а, Каневскаян а.

Зазадоккху-баттахь боккхачу барамехь кхаъ эцарна шеко йолуш Краснодарехь лецира Октарскийн кIоштан кхелан гIантда Байрак Геннадий

Кавказ.Реаллин хьасташа дийцарехь, Iедалхой лебира цIе ца яьккхинчу зуламаш дарехула. ТIаьхьо уьш дIахийцира. Цу хьокхехь ФСБ-но дIаяьхьначу оперативан мероприятех лаьцна дийца реза цахилира журналисташка. Делахь а, тIаьхьо юха а дIалецира Щербиновская кIоштан куьйгалхо. Цунна бехке дуьллуш ду шел а лакхарчу даржехь волчу хьаькамна шена Iуналла дарна а, ша хецна витарна а кхаъ балар.

Оццу хенахь коррупцица доьзна бехктакхаман гIуллакхаш долийнера кхин а масийтта Iедалхочунна дуьхьал, шайна юкъахь Каневкская кIоштан куьйгалхочуьнан когаметта а, ткъа иштта регионан администрацин чоьхьарчу политикехула департаментан директоран хьалхара когаметта а волуш.

Зазадоккху-баттахь боккхачу барамехь кхаъ эцарна шеко йолуш Краснодарехь лецира Октарскийн кIоштан кхелан гIантда Байрак Геннадий. Меттигерчу доьзалера ши миллин сов сом ахча доьхуш хиллера цо, цаьргара хIусам дIайоккхур ю ша бохуш. Ша суьдхочо дIахьедар динера, ткъех сов шарахь ша ахчанца гIо динера царна, цундела шен декхар схьадоьхуш вара ша аьлла. Байракна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх цкъачунна долийна дац – иза дан бакъо яла езаш ю суьдхойн квалификацийн Лаккхара коллеги.

Iедалан белхахой хила лууш бу Краснодаран махкахь 63 процент бахархой

Кхушара бIаьста хилла кхин цхьа гIовгIане гIулакх дара Динский кIоштан куьйгалхочуьнца Пономарев Сергейца доьзна. Зазадоккху-бутт чекхболуш кхело хан кхайкхийра цунна 8 шо 6 бутт луьрчу хьелашкахь колонехь яьккха, 10 миллион сом барамехь кхаъ эцарна. Официалан версица а догIуш, оцу ахчаннна дуьхьал Iедалхочо дош делла хиллера ша цхьа жоьпе озор цахилар Южный цIе йолчу поселкехь школа еш кхачамбацарш хилахь аьлла.

Стигалкъекъа-баттахь кхаъ эцна аьлла шеко йолуш лецира Сочи-гIалан архитектуран департаментан директор. Оьрсийчоьнан Таллман комитетан Краснодаран махкахула йолчу урхалло чIагIдарехь, даржхочо кхаъ эцна 75 миллион сом барамехь. Цунна дуьхьал директоро сихдан дезаш хиллера гIалин Адлеран кIоштахь хьешан цIа (отель) дан бакъо ялар.

Кхаьънаш эцна хиларх дуккха а хаамаш хиллехь а, Краснодаран мохк хилира Зазадоккху-баттахь Оьрсийчоьнан къилбехь уггар дукха инвестицеш хьажийна меттиг. Амма ерриг а пачхьалкх схьаэцча, иза дукха кхиам а ца хета – 27-гIа меттиг. И хьал ду Краснодаран мохк Оьрсийчохь уггар дукха туристаш богIу меттиг а йолуш.

Кхин цхьа факт а ю шена тIе тидам бохуьйтуш: Оьрсийчьурчу миллион бахархой бехачу гIаланашна юкъахь Краснодар хьалхарчу меттехь ю Iедалан белхахой хила лууш болу бахархой дукха хиларца. Цу тайпан нах бу регионехь 63 процент бахархой. И терахь шозза алсам ду, Оьрсийчоуьра юккъера барам схьаэцча. Инарлин прокуратуро коррупцех лаьцна далийна терахьаш тидаме эцча, оцу рейтинго оццул цец а ца воккху.

Ставрополан мохк

Ставрополехь кху тIаьхьарчу беттанашкахь коррупцин коьрта скандал яра регионан Iедалан гIантден кгаметтанаш лецар. Хьалхарниг – Золотарев Александр – лецира Зазадоккху-беттан 15-хь Ставрополан аэропортехь.

Вице-премьер Петрашов Романаа кхаьънаш оьцуш гулдина хиллера 130 миллион сом, газ а, мехкадаьлла а доккхучу объекташкахь болх бан барташ беш

Талламахойн версица, меттигерчу гIишлошъяран министр хиллачу коррупцин 7 гIуллакхехула бехке вечу, Когарлыцкий Алексейца цхьана цо 2017-2019-чу шерашкахь ахчанаш оьцуш хиллера медицинан гIишлош ечу компанера. Вице-премьер лецира, 60 миллион сом барамехь кхаьънаш эцар бехке а диллина.

Изза кхоллам хилира кхечу вице-премьеран Петрашов Романан а. Иза лецира Зазадоккху-беттан 30-хь. Талламо бинчу хаамца, 2013-2015-чу шерашкахь цо гулдина хиллера 130 миллион сом, газ а, мехкадаьлла а доккхучу объекташкахь болх бан барташ беш. Петраковна дуьхьал долийна "Боккхачу барамехь сутараллица доьзна нах Ӏехор" цIе йолу бехктакхаман гIуллакх. Оцу гIуллакхехула таIзар догIу 10 шаранна колоне хьажор.

Золотарев дIалаьцначул тIаьхьа меттигера Iедал дIасахийцира губертанторо Владимиров Владимира, хIора министрана а, цуьнан когаметтана а коррупци лелор хьокъехь талламаш бан. Амма тIаьхьо берриг а Iедалхой юхадIахIиттийра шайн-шайн даржашка.

Ковалев Александр лецира 170 миллион сом пачхьалкхана зен а деш, харцонца 14 эзар гектар латта дIасадекъарна

Лаккхара даржашкахь болчу нахана дуьхаьл криминалан гIуллакхаш долийначу юкъана хаамаш гучубевлира цхьанаметта меттигерчу кхаа прокурорана дуьхьал а, Невинномысскан гIалин дарбанан цIийнехь бюджетера ахча лачкъорна Нефтукумскан гIалин гонан администрацин куьйгалхочунна Черненко Виталийна а, бехктакхаман гIуллакхаш долийна хиларх лаьцна. Иштта таллам болийнера коррупцина юкъахьакхаварна, меттигерчу вахархочуьнгара талламан гIуллакх дIадерзорна дуьхьал кхо миллион ах миллион сом даккха гIоьртинчу Кисловодскан талламан декъан хьаькаман когаметтан хьокъехь а.

Цул сов, Стигалкъекъа-баттахь лецира Росимуществон меттигерчу урхаллан корта Ковалев Александр. Иза бехке веш ву, пачхьалкхана 170 миллион сом зен а деш, харцонца 14 эзар гектар латта дIасадекъарна.

Дагестан

Дагестанехь кхаьънаш эцар хIара шо долалуш хила а хилла кIезиг, Кубанехь я Ставрополан махкахь хиллачул а, Оьрсийчоьнан инарлин прокуратуро 35-зза коррупци хилла боху цигахь. Амма лецна нах дикка алсам бу оцу республикехь.

Масала, Чиллан-баттахь ГIизларан кIоштан куьйгалхо хиллачу Погорелов Александрна дуьхьал цхьанаметта долийра кхаьънаш эцарца доьзна 5 бекхтакхаман гIуллакх. Талламан версица, Южное эвлан юртда волуш даржхочо лаьттан дакъош декъна хиллера ахчанах меттигерчу бахархошна. Дечкен-баттахь Дербентехь лецира Федералан хазнан белхахо. Официалан болчу хаамца, цо 200 эзар сом доьхуш хиллера, кхочуш йинчу контрактах Iедало дIадала деза 30 миллион сом новкъарло а ца еш дIалург.

Туризман министр хилла Ибрагимов Расул юкъахь ву баккхийчу нахана а, заьIапхошна а хьажийна долу 620 миллион сом лачкъорна

Охан-баттахь Оьрсийчоьнан Талламан комитетан меттигерчу урхалло дIахьедира меттигерчу некъашна тIехьожучу пачхьалкхан урхаллан 13 белхало лаьцна шаьш аьлла. Дийцарехь, оцу даржхоша кхаьънаш оьцуш хиллера яккхийн машенашлелорхошкара уьш, оза а ца узуш, чекхйовлуьйтург. Дерриг а цара эцначу ахчанан барам бу цхьа миллион сов сом.

ТIаьхьо, коррупци лелийна хила мега аьлла шеко йоллуш, лецира Цунтин кIоштан куьйгалхо Магомедов Шамил. ЧIагIдарехь, цо коммерцин шина вовшахтохараллера доьхуш хиллера 1 миллион 250 эзар сом. Федералан кхерамазаллин сервсио (ФСБ) бинчу хаамца, иза, карахь ахча а долуш лецира ХIинжа-ГIаларчу цхьана кафехь.

Цхьа а сфера яц шаьш долчехь кхаьънаш ца оьцуш. Маьждигашкахь ца хила а мега коррупци, бохуш вара иза

Амма уггар доккха коррупцин гIуллакх ду кху бIаьста Дагестанехь – туризман министр Ибрагимов Расул дIалацар. Цуьнга бехк кховдийна сутараллица доьзна нах Ӏехорна а, зуламан йоккха тоба вовшахтохарна а. Талламан версица, даржхо юкъахь ву баккхийчу нахана а, заьIапхошна а хьажийна долу 620 миллион сом лачкъорна.

Коррупци а,кхаьънаш эцар а норма а хилла дIахIоьттина республикехь, лаккхара дешар деша воьдуш а, балха воьдуш а, лаьттаца доьзна хаттарш къастош а, аьлла комментари йира Кавказ.Реалиина Iедалехь цхьацца даржашкахь болх бинчу Магомедов Мохьмада (Цуьнан дехарца цIе хийцина ю. - Ред). Цхьа а сфера яц шаьш долчехь кхаьънаш ца оьцуш. Цхьана цIена маьждигашкахь бен ца хила мегаш ю коррупци, бохуш вара иза.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG