Казанехь, гIалин малхбалерчу агIонехь лаьттачу Файзи Джаудатан урамерчу №175 гимназехь шинарин дийнахь уггар кIезиг 8 стаг вийна герзаш диттинчу вахархочо. И терахь агенталлаша, цхьацца хьасташна тIе а тевжаш, довзуьйту 9-13 аьлла. ГIезалойчоьнан президентан пресс-векалтан а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин а хаамашца, бархI стаг ву вийнарг – 8-чу классера ворхI дешархо а, цхьа хьехархо а.
ГIезалойчоьнан могашаллин министраллин информацица, 20 сов стаг, коьртачу декъанна дешархой, дарбан хIусамашка бехкина. Реанимацехь ву ялх.
Герз диттина хила тарлуш верг лаьцна. ЦхьамогIа хаамийн гIирсаша кхин цхьаъ а ву, яздора, тIелеттачаралахь, амма официалехь иза бакъ ца дина.
Тешаша дийцарехь, герз деттарал совнах, школи чохь эккхийтар (я лелхийтарш) дина. Baza телеграм-канало яржийначу видео чохь гуш ю эккхийтаран тIаьхьало:
Дешархой школи чуьра арабаьхна корашкахула. Школин сайто бахарехь, эзар сов бер ду цигахь доьшуш. ТIелатар дина дешар доьдучу хенахь.
Цкъачунна йолчу информацица, 19 шо долу Галявиев Ильназ ву тIелатарна лаьцнарг. Болчу хаамца, диъ шо хьалха цо дешна оцу гимназехь, амма 4 шо ду колледже деша вахна.
Радио Свобода корреспонденташна карийна Галявиев декъаязвина болу лабораторин болх. Социалан машанашкарчу студенташа бахарехь, Казанан урхалладаран университетан (ТИСБИ) декаъйогIучу колледжехь доьшуш хилла иза. И хаам бакъбина цуьнца цхьана курсехь волчу дешархочо. Ткъа колледжан куьйгалло прессе бинчу хаамца, байна бутт бовш доьшучуьра дIаваьккхина хилла иза.
Гимназина тIелатале масех де хьалха телеграм-канал схьадиллина хилла шена Галявиевс. Оцу чухула адамаш хIаллакдаре нах кхойкхуш а лелла иза. Амма хIинца и канал дIакъевлина ду.
Галявиев лоцуш яьккхина видео а ю машанашкахула лелаш.
"Еду в Татарстан" (Со ГIезалойчу воьду") телеграм-канало талламчаша хаттам беш гойту видео яржийна, шена ша "Дела вуйла хиина" боху цо, дуьйцу шена адамаш къахьделла бохуш.
ГIезалойчоьнан президента Минниханов Рустама бакъдира тIелатархочун 19 шо хилар а, цунна легалехь Охан-беттан 28-чохь тIеяздина герз хилар а. Hatsan ESCORT олу таллархочун топ хилла цо гимнази чохь йиттинарг, чIагIдо хаамийн гIирсаша.
Бехктакхаман дов айдина хиллачуьнца доьзна. Стигалкъекъа-беттан 12-гIа де тезетан де кхайкхийна ГIезалойчохь. Оцу дийнахь къевлина хир ю массо а школаш.
Кремлан пресс-векала Песков Дмитрийс дIахьедина, бохамах лаьцна хаийтина Путин Владимирна, аьлла. Президента буьйр дина герз дохкарх долу низам шагдар тIедожош.