Мурманск-мехкан дешаран министралло Казанехь хиллачу бохамца доьзна омра дина школашна доьшуш долчу берех а, дешна бевллачу кегийрхойх а йолу информаци лерринчу информацин бази чу яккха - "низам лардеш боцу а", "бух а боцуш, агресси шайца йолу а" кегийрхой тергонехь кхобу тептар.
Мурманскерчу масех хаамийн гIирсо интернетехь зорбане хIоттийра официалан документ, довзуьйтуш дара кхуллучу базин интернет-адрес а – бIеннех дешархойх лаьцна информаци яра оцу чохь: доьшу меттигаш, церан социалан машанашкара адресаш. Амма шинарин сарале, хаамийн гIирсаша тидаме эцча, дIаяьккхина и информаци.
"Медиазона" кхиина дешархойх болу хаамаш бовза, цо бахарехь, школийн администрацеша хIитто долийна хиллачу тептаршкахь гайтина хилла "суицид ян талуш берш", "Навальныйн акцешка леларш", "маршо езарш", "дозанех мукъабовла кийча берш".