Малхбалерчу Иерусалимехь хIоьттинчу ситуацица доьзна Израило шена къинтIера баха беза палестинахой аьлла Кадыровс динчу д1ахьедаро гойтуш яц Оьрсийчоьнан официалан позици. Иштта ду пачхьалкхан куьйгалхочун пресс-векала Песков Дмитрийс дина дIахьедар.
"Оьрсийчоьнан Федерацин арахьарчу политикан позици пачхьалкхан куьйгалхочо къастош ю, шуна хаа лаахь", – аьлла Песков Дмитрийс, РБК агенталло бечу хаамца.
"Ший а агIо собаре хиларе" кхайкхина цо, Кремль Израилехь "маьршачу бахархошна хуьлу зенаш кхуьуш лаьттарх" саготта юйла а хоуьйтуш.
"Хьалха а санна, тхуна хета шина а агIонна ницкъ каро беза евзаш йолу проблема листа, аьлла, уггаре хьалха Кхерамзаллин Кхеташонан [Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин] резолюцешна тIе а тевжаш",— аьлла Песковс.
- Ши де хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бусалба нах къинтIерабаха декхаредира Израилан Iедал цигара полици а, палестинахой а вовшашна дуьхьаллаьттачохь ал-Акса маьждиге нисбеллачу наханна зенаш дарна. "ТIаьхьа доцчуьра, ерзае конфликт, иза шорлахь дараш ирча хир ду!", - яздира Кадыровс шен инстаграм-каналехь.
- Израил а, Газа секторера палестинахой а вовшашна ракеташ етташ хьийза кху тIаьххьарчу шина дийнахь. Малбалерчу Иерусалимехь, Ал-Акса маьждигна уллехь, кху беттан юьххьехь лилхинчу девнашца йолаелла конфликт. Девнашна бух биллинарг бу Израилерчу кхело Шейх Джаррах кIоштахь бехачу Iаьрбашкара хIусамаш дIа а яьхна, жуьгташна, уьш 1948-гIа шо кхаччалц церан хилла аьлла, дIадала кхачор.