ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьаьнатоьхначу Штаташа Израиле эмиссар ву хьажош конфликт ерзо


Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа герггарчу хенахь Израиле лаккхара дипломат хьажор ву цигахь тIаьххьарчу деношкахь иттаннаш нах а бойъуш, Iедалхошний, палестинахошна-радикалашний юкъадоьлла дов дерзо.

Кхаарин дийнахь пачхьалкхан секретара Блинкен Энтонис дIахьедина, шен гIоьнчин гIовс Эмр Хейди гIур ю Израилан Iедалшца а, палестинахошца къамел дан, аьлла.

Блинкена конфликтан агIонаш кхайкхина дов дижоре. Цо балгалдаьккхина, Цхьаьнатоьхна Штаташ кхета Израилна ракеташ етташ хьийзачу терроран организацино Хьамасо лелочух а, ша Iалашъян бакъо йолчу Израило лелочух а, аьлла.

Европан Цхьаьнакхетараллин арахьарчу гIуллакхийн урхаллин куьйгалхочо Боррель Жозепа а бехбиллина Израилан территорина Газа секторера ракеташ тохар, дехна Израиле, цIий ца Iенийтархьама, "ма-хуьллу собаре хьовзар".

Израилна ракеташ еттар – мехкан юккъерчу территори тIе, Тель-Авиве дIа а кхочуш, дуьхьал Израило Газа секторна хIаваэхула тохарш дар доладелира оршотан дийнахь. Хьамасан Газа секторерчу дакъойн лидерша дIахьедарш дора, полицина дуьхьаллаьтта бIеннаш палестинахой лазорна шаьш бекхам бийр бу, бохуш. Израилан премьер-министра Нетаньяху Биньамина ша динчу дIахьедарехь элира, "цIечу сизал дехьаяьлла" Хьамас.

Шинарин сарахь Палестинерчу радикалийн дакъоша 130 сов ракета хийцира Израилан агIор. Хаамийн гIирсаша дийцарехь, алссам дараш хилира.

Ерриг а Газа секторера тIаьххьарчу дийнахь-буса Израилан агIор кхоьссира маситта бIе ракета – прессо бахарехь, 600. Царех дукхахъерш хIаллакйира стигалахь турс латточу "Аьчка тхов" олучу Израилан технико, ткъа масех кхаьчна хьажийначу меттигашка.

Ракеташ тохарх долу жоьпалла шайна тIеийцира радикалийн Хьамас а, "Исламан джихад" а тобанаша.

Израилан тIеман ницкъаш тIелетира 100 сов палестинахойн тIеман объекташна. Царех цхьаерш нисъелира маьрша адамаш дехачу цIеношна гергахь. Палестинан хаамийн гIирсаша информаци яржийна, масех цIа а дохийна, иттаннаш нах а байъина, аьлла. Израилан агIоно, ша радикалан тобанашна тIе бен ца детта герз, боху.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG