ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ-но вийначу Узбекистанан вахархочун зудчунна депортаци ю еш ГIирмера


Бурханова Сохиба
Бурханова Сохиба

Аннекси йинчу ГIирмехь Советски кIоштан кхело депортаци ян сацам бина ФСБ-н белхахоша цIийнах хьожуш вийначу Узбекистанан вахархочун Рахимов Набин зудчунна Бурханова Сохибина. Арахьарчу мехкан вахархочо я цхьана а мехкан цIарх воцчу стага Оьрсийчу кхачарх долу низам талхорна бехкейина иза.

Бурханован гIуллакх луьстучу кхелан цIенна хьалха, цуьнан агIолоцуш массийтта бIе стаг гулвелира, хаам бо прессехь.

Кхелан цIенна чуьра арахьарчу мехкийн бахархой латточу изоляторе дIайигина Бурханова. Оцу изоляторера шен берашца цхьаьна (цигахь бераш Iан йиш яц ненаца) дIахьажор ю иза Узбекистане.

Стигалкъекъа-беттан 11-чохь Симферополна уллерчу гIирмахойн Дубки юьртахь цIийнах хьовсуш ФСБ-н белхахоша вийра Узбекистанера веъна веха Рахимов Наби. Оьрсийчоьнан талламчийн версица, иза герз детта волавелча вийна ницкъхоша. Талламан комитето низамлардархойн дахарна тIекховдаран хьокъехь бехктакхаман гIуллакх гIаттийна. Амма кхеташ дац, муьлхачу бахьаница хьовсуш хилла Iедалхой Рахимовна цIийнах.

1999-чу шарахь веъна хилла шен зудчуьнца Рахимов Узбекистанера Оьрсийчу. Даймахкахь бехктакхаман дов хилла цунна дуьхьал айдина мехкан кхерамзалла, юкъараллин къепе йохорна, конституцин хIоттам карчо гIортарна, динан экстремизм яржорна, сепаратизме, фундаментализме гIертарна. Рахимовс Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле арз хьажийна хилла, цунна жоп луш, Страсбурго дихкинера иза Оьрсийчуьра араваккха, цунна пачхьалкхера компенсацина 17 эзар евро дала а кхачош.

2015-чу шарахь Москвана гергарчу меттигера ГIирме дехьабаьлла хилла Рохимовн доьзал. 2018-чу шарахь Оьрсийчоьно тховкIело ца яла сацам бина Бурханова Сохибина. Оцу хенахь дуьйна легалехь ехаш ца хилла иза Оьрсийчоьно шен лоручу территори тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG