ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Insider: 1 миллиард соьманна хIусамаш ю Путинан гIоьнчин доьзалан долахь


Оьрсийчоьнан вице-премьер Мутко Виталий а, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, президентан гIоьнча Левитин Игорь а, Петербурган губернатор Полтавченко Георгий а, 2017 шо

Путинан гIоьнчин, транспортан министр лаьттинчу Левитан Игоран доьзалан долахь ю Москвана гергарчу меттигашкахь цхьа миллиард соьманна гергга хIусамаш. Оцу хьокъехь хаам бо "The Insider" портало.

Элитин коттджех лаьттачу "Довиль" куьпахь, вовшашна уллехь хIусамаш ю президентан гIоьнчин йоьIан а, цуьнан вешин йоьIан а – Зверева Юлиян а, Левитан Александрин а. 0,25 гектар ду хIораннан дакъа. ТIера коттеджашца цхьаьна мах бу хIораннан 534 тIера 549 миллион соьме кхочуш. Левитанан йоьIан ю кхина а пентхаус "Протопоповский" комплексехь. "The Insider-ан" информацица, иза леррина йина Президентан гIуллакхаш лелочу урхаллин проектаца.

Хьалхо "Важные истории" ("Мехала хиламаш") ресурсо хаам баржийра, Левитанан доьзалан долахь лаххара а 300 миллион долларна активаш ю, аьлла.

  • 16 шо сов Iедалан урхаллерчу белхашкахь Iийна Левитан Игорь. Ша министран даржехь волуш, 2004-2012 шерашкахь Iедалхойх уггаре дукха хьал долучех а лорура иза. Ткъа 2020-чу шарахь, цуьнан декларацино бахарехь, президентан администрацин белхахошлахь массарел дукха хьал гудина цо – 43 миллион сом.

  • 1999 – 2005 шерашкахь компанийн "Магистраль" тобанна герга йолчу, тIаьхьо цуьнан могIаршкахь кхиинчу "Магистраль контейнерные линии" компанехь гулдора Левитана хьал. Оцу компанийн тобано юьхьанца Оьрсийчухула а, дунентIехула а дIасалелабора кир, евзаш яра иза ша санна йолчу компанешна юкъахь, тIаьхьо шена хIордахула лела транспорт а ийцира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG