ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Спутник V" вакцинан башхаллех шек бу Lancet журналера авторш


Масех пачхьалкхерчу эпидемиологийн а, биологийн а тобано медицинан коьртачу The Lancet журналехула яккхий шеконаш кхайкхийна Оьрсийчоьно коронавирусан инфекцина дуьхьал кхоьллина "Sputnik V" вакцина кхоалгIачу фазех чекхъяккхарх долчу зерийн а, иза кхераме цахиларх лаьцна далочу тоьшаллийн а хьокъехь.

The Lancet журналехь зорбане даьккхинчу диллинчу кехатехь Iилманчаша – Оьрсийчуьра говзанча а ву царалахь – боху, шаьш анализ йина оццу журналехь Оьрсийчоьнан вакцина йовзуьйтуш хьалха арадевллачу зерийн. Вакцина кхоьллинчу Гамалеин институто, ша бинчу талламна тIе а тевжаш, дIахьедира "Спутникан" эвсаралла 91 процентал а сов ю, аьлла. Журнало зераш довзийтича, Оьрсийчоьнан Iедало а, Европерчу а, кхечу мехкашкарчу а политикаша дийцадаьккхира, молха тешаме ду аьлла. Иттаннаша пачхьалкхаша иза эца контракташ хIиттийна, дуьненаюкъарчу могашаллин цхьаьнакхетаралло вакцина официалехь кхобалйина яцахь а.

Критика ечу авторша зийна "Спутник" кхоьллинчийн аргуметаш, яздо дуккха а долу тоьшаллаш бакъ цахиларх, цхьа талламаш кхечу талламашца богIуш бацарх лаьцна (масала, вакцина, Оьрсийчоьнан официало чIагIдарехь, цхьабосса эвсаре ду берашна а, баккхийчарна а). "Спутник" кхоалгIачу фазех чекхйоккхуш гучудевлла жамIаш ца довзийтина Оьрсийчоьно, ца бина и болх кхетташ хIоттийначу низамехь. Iилманчийн тоба реза яц дарба зуьйш бина болх бовзуьйтуш бацарна, ткъа оцу кепара хаарш а доцуш хала ду вакцинин мехалла ма-ярра йовза.

"Спутник" зуьйш 1-ра а, 2-гIа а фазанаш чекхъевлча а йовзийтира кехатан авторша шайгахь IаьIна шеконаш.

Вакцинан дайша критикашна жоп делла оццу The Lancet журналехула. "Спутника V" "кхераме яцар а, имунноген хилар а тIечIагIдина дуккха а болчу талламаша", масала Оьрсийчоьнан вакцина шуьрра яьржинчу Аргинтинехь, боху цара. Иштта харцдо шаьш талламийн жамIаш ца довзийтина бохург а.

  • “Спутник” толлуш ю Европан эвсараллин, кхерамзаллин, башхаллийн стандарташца мел йогIу. Хьахош дац, мел хан оьшу зераш дIадахьа, амма билгалдоккху, уьш чехкаллица деш хилар, даимачул сиха чекхдевриг хилар а. Оцу юкъанна Оьрсийчоьнан вакцина тIеэцна 50 сов пачхьалкхо. Оьрсийчохь а санна, жигара тухуш ю иза, масала, Аргентинехь а, Сербехь а.

  • Бразилино тоаме яц аьлла вакцина кхоьллинчара цунах лаьцна довзуьйту зераш – оцо огIаздахийтина Оьрсийчуьра Iедал.

  • Оьрсийчоьнан дипломатин урхалло дуккхаза а дIахьедина, Малхбалерчу хаамийн гIирсаша дакъа а лоцуш, "Спутник" сийсазъеш хьийза Малхбузе, аьлла. Ткъа вакцина хастош Iедалхоша тоьшалле хIиттадо хьалха Lancet журнало цуьнан башхаллах лаьцна яздина хилларг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG