ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аргентинин президент изоляце хьажийна "Спутник" тоьхначул тIаьхьа, ковид лаьцна хиларх шекойолуш


Аргентинин президент Фернандес Альберто изоляцехь ву коронавирус кхетта хила тарлучу шеконца. Хьалхо Оьрсийчоьно кхоьллина "Спутник V" вакцина тоьхнера цунна.

62 шо долчу политика шен твиттерехь яздина, сарахь гIеххьа лакхаяьлла температура яра, корта а лозура шен, циндела ша тетстах чекхвала сацамбира, аьлла. ХIинца ПЦР-диагнозо хьал дуьззина билгалдаккхаре хьоьжу иза.

"Спутник V" вакцина къобалйинчу хьалхарчу пачхьалкхех ю Аргентина. Вакцинин хьалхара маха Фернандеса тохийтина шена Дечкен-баттахь, махкарчу регуляторо 60 шо сов хан кхаьчначу нахана иза тоха магошшехь.

Вакцина яржош официалехь лелочу твиттерехула жоп делла президентанна, халахета иштта нисделла, аьлла, дагадаийтина молха кхоьллинчу говзанчаша коронавирус кхетарг цахиларх 91,6% бен гаранти луш йоцийла, амма иза атта ловриг хилар 100% ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG