ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасу-Юьртан кIоштахь кIира ду бер лоьху. Стаг верах долу гIуллакх айдина


Лехамийн-орцан "ЛизаАлерт" тобанерчу волонтераша Хасу-Юьртан кIоштарчу Аэродром юьртахь вайна диъ шо долу Забитов Мухьаммад лоьху ду кIира. Иза вайна цIера аравалларх.

"Цкъачунна сингаттаме ю информаци: жIаьлина лар карийнера, Ярыксу хин йисте кхаьчча, сацийра цо шен лехам. Иза ду оцу меттехь беран лар йовш ю бохург", – хаам баржийра мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло Стигалкъекъа-беттан 9-чохь.

Дийнахь а, буса а лоьхуш ву кIант. Талламаш беш, 1,5 эзар километр гIаш некъ бина орцанхоша. Лехамашкахь дакъалоцу 600 стага, шайлахь Нохчийчуьра кхаьчна волонтераш а болуш.

Хьаьрса месаш а, боьмаша бIаьргаш а болуш ву кIант. Вовчу дийнахь цунна тIехь хилла доца пхьош долу камуфляжан басахь коч, джинсийн шорташ, Iаьржа тударгаш, коьртахь хилла сийна куй.

Юьхьанца информаци яьржира, орцанхоша бахарехь, кIант Нохчийчохь схьакарийна аьлла, амма иза бакъ дац. Лохуш ду бер тахана а.

Дагестанерчу Талламан Комитетан урхалло кIант варца доьзна бехктакхаман дов гIаттийна "Стаг вер" артиклца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG