Китайн космосан урхалло хаам барехь, шен исторехь оцу пачхьалкхан духхьара аьтто баьлла шен космосан аппарат кхечу планети тIе охьахаон. Марсан къилбаседанерчу Утопия атагIин къилберчу декъа тIе охьайоьссина "Тяньвэнь-1" аппаратан модуль Стигалкъекъа-беттан 15 –чу буса.
Охьахаийначу аппаратца ю Китайн дуьххьарлера Марса тIехула лела "Чжужун" машен. Ялх чкъург йолу, 240 кийла еза "Чжужун" лоьлуьйтур ю Марсан 90 дийнахь – Лаьттан 92 дийннал хан ю иза.
Оптикан шиъ а, муьтиспектран цхьаъ камераш, метеостанци, латта зуьй гIирс, георадар, магнитометр ю "Чжужунца". Маьлхан батареяшца цо ша йоккхуш ю шена ток, ткъа Лаьттаца зIе латтор ю кхаа шарахь леррина кечйинчу космосан зондца.
Кхечу планети тIе кхачаеллачу пачхьалкхашлахь кхоалгIа ю Китай. Дуьххьара кхечира кхечу планети тIе Советан пачхьалкхан "Венера-7" аппарат 1970-чу шарахь. Марс тIе массарел хьалха хаийра шен "Викинг-1" аппарат Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа 1976-чу шарахь.
Карарчу хенахь Марса тIехь болхбеш ю Чиллан-баттахь цу тIе охьайоссийна йолу Американ "Персеверанс" аппарат.
Оьрсийчоьнан цкъачунна аьтто ца баьлла кхечу планеташка шен гIирс кхачон, тIаьххьара и Советан пачхьалкхехь 1985-чу шарахь дан делла - Венера планети тIе йиссийра хIетахь "Вега-1" а, "Вега-2" а аппараташ.