ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Халкъан бахаман уггаре доккха дакъа миллиардерийн карахь долу пачхьалкх ю Оьрсийчоь


Оьрсийчохь миллиардерийн долара хьал 35% нисло пачхьалкхо кхиочу чоьхьарчу хьолалаца (ВВП) дуьстича. Хьолахойн карахь уггаре дукха бахамаш болу пачхьалкх ю Оьрсийчоь, хаам бина пIераскана, Стигалкъекъа-беттан 14-чохь, Лондонерчу The Financial Times газето, Америкерчу консалтинган Morgan Stanley компанин аналитиканна тIе а тевжаш. Forbes журнало зорбане дохучу тептаран буха тIехь миллиардерийн рейтинг хIоттийна цо.

Оьрсийчоьнал тIаьхьа шолгIаниг ю Швеци – цигахь миллиардерийн бахам кхочу пачхьалкхан бахаман 30%. КхоалгIа ХIиндойчоь ю – пачхьалкхан бахамца дуьстича, 20% ду цигарчу миллиардерийн долара хьал.

Сов баккхийн бахамаш долахь латтораш категорешца зийна аналитикаша: "бахамаш дайшкара кхаьчнарш", "диканаш", "вонаш".

Хьалхарчу категорехь бу шайн дайша гулбина бахам долаэцнарш. ШолгIа категори – технологийн хьукматашкахула къахьоьгуш ахча IаIийнарш. КхоалгIачу категори юкъабогIу, экологин низам дохош йолчу, "коррупцица юкъарлонехь хила тарлучу" экономикан хаьсташкахь хьал гулдинарш.

"Немцойн тулгIе" радионо тидам тIебохуьйту Оьрсийчоь "коррупцица юкъарлонехь хила тарлучу" хьелашкахь шен миллиардераша бахамаш гулбарца рейтинган шолгIачу меттехь хиларна – иштта гулдина ду миллионерийн 60% хьал. Ткъа оцу декъехь массо а пачхьалкхел хьалха ю Мексика.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG