ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Земана сонталла ю аьлла, Чехи Оьрсийчоьно "доттагIаллин йоцучу" пачхьалкхашна юкъатохар  


Чехин президент Земан Милош
Чехин президент Земан Милош

Чехин Республика "доттагIаллин йоцучу" пачхьалкхашна юкътоха бина сацам сонталла ю, дIахьедина Чехин президента Милош Земана, шина пачхьалкхан юкъаметтигаш шелъйеллачул тIаьхьа, талламан сервисан болх бахьана долуш къийсам эккхарна, хаам бо "Амеркан аз" зорбан гIирсо.

Оьрсийчоьнан а, Чехин а юкъаметтигаш телхира, оьрсийн дипломаташ ПрахIера цIа а хьовсош, Охан-баттахь, Чехин Iедалша Оьрсийчоьнан тIеман талламан сервис бехке йинчул тIаьхьа, 2014-чу шарахь герз латточу складехь, ши стаг а вуьйш, эккхийтар дарна.

Оьрсийчоьно тIе ца битира шена биллина бехк, цунна жоп луш шайн пачхьлкхера арабехира цо Чехин дипломаташ, ткъа дIадахнчу пIераскана дийнахь Чехи юкъатуьйхира "доттагIаллин йоцучу" пачхьалкхийн тептарна.

"МостагI хилар цкъа а дац нийса хIума. Иза Оьрсийчоьнехьара йина сонталла ю, хIунда аьлча доттагIех мостагIий бар даима а ду гIалат. Нагахь доттагIалла хуьлийла дацахь, оьзда юкъаметтигаш мукъане а хила еза", - аьлла Земана кIиранан дийнахь Чехин Frekvence 1 радиостанцина интервью луш.

Земан дуккха а шерашкахь дика юкъаметтигаш лелорехьа вара Оьрсийчоьнца, гIортор еш вара президент Оьрсийчоьно дакъалацарна шайн махкахь керла АЭС (зарратан электорстанци) еш, цо иштта кхайкхамаш бора чехийн Iедалшка COVID-19 дуьхьал йолу Оьрсийчоьнан "Спутник V" вакцина эца еза бохуш.

Земан юьстахвелира Iедалан официалан йолчу позицех, шайн махкахь герз латто скаладаш лелхаран кхин бахьана хила а мега аьлла, дIахьедар а дина. Изза юха а элира цо кIиранан дийнахь ша еллачу интервьюхь.

Делахь а, буьззинчу барамехь карахь Iедал доцучу Чехин президента гIортор йира Оьрсийчоьнан дипломаташ арабахар хьокъехь Iедало бинчу сацамна.

  • Оьрсийчоьнан, Чехин юкъаметтигаш хIинца санна эшна хан ца хилла 1968 шо дIаиккхичхьана. Шайн мехкан малбалехь тIеман ларманаш лелхийтарна Оьрсийчуьра къайлаха ницкъаш бехкебина чехаша. Махкахваьккхина 18 Оьрсийчоьнан дипломат – уьш дипломатийн статусна тIехьалаьтта шпионаш лору Чехино.
  • Москван, Вашингтонан юкъаметтигаш оьшуш схьайогIу ду масех шо. Оцу юкъаметтигийн хьал «шийла тIом» боьдучу хенахь хиллачу тIегIанехь ду, элира 2019-чу шарахь ша The Wall Street Journal-на еллачу интервьюхь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра гIовса Рябов Сергейс. Зазадоккху-баттахь шега ABC телекомпанин журналиста, Путин киллер хетий цунна, аьлла деллачу хаттарна жоп луш, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Байдена «хета», элира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG