ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно официалехь гергарлонаш хеддачу пачхаьлкхех лору Цхьаьнатоьхна Штаташ а, Чехи а


Оьрсийчоьнан Iедало Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ а, Чехи а язйина шеца гергарлонашкара евллачу пачхьалкхийн могIара. Оцу хьокъехь омра арахецна пIераскана, Стигалкъекъа-беттан 14-чохь.

Дуьххьара и термин Оьрсийчоьнан низамашкахь гучуелира Охан-баттахь. ХIетахь президента Путина омра арахийцира "гергарлонехь йоцчу пачхьалкхийн" дипломатин векалташна Оьрсийчоьнан территори тIехь кхечу пачхьалкхийн бахархой балха эцар дехка магош.

Оцу документо Чехина магадо Оьрсийчуьрчу векалте 19 стаг балха эца, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна магош дац балха а стаг балха эца. Аккредитаци йинчу дипломатех ца хьакхало и бехкам.

Дукхахйолчу арахьарчу мехкийн Оьрсийчуьрчу векалташа, консулаташа, культуран центраша, шайн дипломатийн, кхечу белхахойн корпус шоръечу меттана, балха оьцу бухара бахархой. Буьйцурш бу доккхачу декъанна гIуллакхаш дIалелош болу могIара бехлхахой, секретараш, лоьраш, хьехамчаш.

Ткъа Оьрсийчоьно шен арахьарчу векалташкахь балха оьцу шайн дипломатийн доьзалхой, пачхьалкхера векалташка дIасахьийсабо кхиболу говзанчаш. Оцо диспропорци йо – Оьрсийчоьнан арахьарчу векалташкахь пачхьалкхера балха хьийсийна нах хаъал дукха хуьлу, оццу пачхьалкхийн Оьрсийчуьрчу дипмиссийн белхахойн барамца дуьстича.

Охан-бутт боьрзуш Оьрсийчоьно Американ векалтанна дихкира кхечу пачхьалкхийн бахархой балха эца. Цхьаьнатоьхначу Штатийн Оьрсийчуьра векалт, цо ша бахарехь, оцу бахьаница лахлур ю белхахойх 75 процентанна.

Охан-бутт бовш хаам арабелира, Оьрсийчоьнан бахархошна Москварчу векалто Стигалкъекъа-беттан 12-чохь дуьйна туристийн, гIуллакхаллин визанаш лур яц Америке лела, аьлла. Ткъа Оьрсийчоьнан кхечу гIаланашкахь цул а хьалха дуьйна сацийна и тайпа документаш далар – шина пачхьалкхо дехьара а, сехьара адипломаташ дIахIийсича хIоьттина и сурт.

  • Оьрсийчоьнан, Чехин юкъаметтигаш хIинца санна эшна хан ца хилла 1968 шо дIаиккхичхьана. Шайн мехкан малбалехь тIеман ларманаш лелхийтарна Оьрсийчуьра къайлаха ницкъаш бехкебина чехаша. Махкахваьккхина 18 Оьрсийчоьнан дипломат – уьш дипломатийн статусна тIехьалаьтта шпионаш лору Чехино.
  • Москван, Вашингтонан юкъаметтигаш оьшуш схьайогIу ду масех шо. Оцу юкъаметтигийн хьал «шийла тIом» боьдучу хенахь хиллачу тIегIанехь ду, элира 2019-чу шарахь ша The Wall Street Journal-на еллачу интервьюхь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра гIовса Рябов Сергейс. Зазадоккху-баттахь шега ABC телекомпанин журналиста, Путин киллер хетий цунна, аьлла деллачу хаттарна жоп луш, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Байдена «хета», элира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG