Ставропол-махкара вахархо Куванаев Багаудин лаьцна Iедалша, 1999-чу шарахь, Басаев Шемила а, Эмир Хаттаба а куьйгалла деш, Дагестанна динчу тIелатарехь дакъалаьцна хила мега аьлла шеко йолуш.
Куваевна бехке дуьллург ду тIеман мятеж яр, низамаш лардон органийн белхахо а, эскархо а вен гIортар, хаам бина де хьалха Оьрсийчоьнан Талламан комитетаy зорбан сервиcо. И гIуллакх толлуш ю Къилбаседа Кавказан федералан гонехула йолу талламан урхалла.
Талламан версица, 1999-чу шарахь Товбеца-баттахь Куванаев шен лаамехь дIакхетта хилла тIемалойн тобанах, жигара дакъалаьцна деза а, тIех деза а зуламаш дарехь. Цо билггал динарг къастош ду.
1999-чу шарахь дуьйна 2020-чу шерашка кхаччалц бехке вина а, 3-19 шераш тоьхна чувоьллина а ву Дагестанан Цумадан а, Ботлихан а кIошташна тIелатар деш дакъалаьцна 80 сов стаг, дагадоуьйту Талламан комитетан зорбан сервисо.
Бехктакхаман гIуллакхаш дIачIаьгIна 7 тIемаочунна дуьхьал, уьш балар бахьана долуш. Iедалша лоьхуш ву кхин а 28 стаг.
- Дагестанехь 1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскархошна тIелатар дина аьлла кхушара Зазадоккху-баттахь чувоьллира Ставропол-махкара Акбулатов Акбулатов Мавлимберди (14 шо), Бегельдиев Тахир (14 шо), Отепов Нариман (13 шо).
- Федералан эскаршна дуьхьал Нохчийчохь тIом барна жоьпе ийзош бу амнисти йина нах а. Кавказ.Реалиино шуьйра дийцира цу тайпачу вежарех ИдаловгIерах хьакхалуш долчу цхьана гIуллакхах лаьцна.
- Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъонашларъярхоша а сих-сиха билгалдоккху тIемалой бу аьлла лецначу наха кхелашкахь дIахьедарш деш хилар, шайгара тоьшаллаш даьхна ницкъ а бина бохуш.