ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанерчу вахархочо бехк цабиллар дехна Дербентехь хелхар дарна


Дагестан, Дербент. ГIалара дIахьажча гучу гIопан сурт
Дагестан, Дербент. ГIалара дIахьажча гучу гIопан сурт

Дагестанехь 18 шо долчу Албеков Руслана гуш-хезаш бехк цабиллар дехна, Дербентехь ритуалан комплекцсна хьалха ша лезгойн хелхар дарна. Цуьнан ведокъамел зорбане даьккхина республикехула йолчу МВД-н зорбан-сервиса.

"Со Стигалкъекъа-беттан 14-хь сайн накъостаца волавелла лелаш вара Дербент гIалахь Мамадбековн урамехула. Суна куьзган тIай гира, цигахь чекхволийла яра ков дугIийлехула. Со цу чувелира, ткъа сан накъост видео яккха волавелира сан. Ас лезгойн хелхар дира. Массаьрга а бехк цабиллар деха лаьа суна, цхьанна а халахетар дан лууш вацара со, цигахь адамаш дуй а ца хаара суна дIадоьхкина", - боху Стигалкъекъа-беттан 16-хь интернетехь гучуяьллачу видеона тIехь, ша Магарамкентскан кIоштарачу Кабир-Казмаляр эвлан вахархо ву бохучу Албековс.

Де хьалха иза схьакарийра шайн белхахоша, аьлла ду МВД-н хаамехь.

Мамедбекован урам схьабиллира официалан кепара Охан-беттан 1-хь, 2020-чу шарахь иза то бан болийна белхаш дIабирзинчул тIаьхьа. Иза чекхболуш бу къилбаседехьарчу гIопан пенаца. Кузахь ю нах дIабоьхкина комплекс, цунна тIехула йина ю, Албаковс хьахийна йолу, тIехула тесна тIай долу куьзганан триплекс.

  • Дечкен-баттахь Ставропол-махкахь даим йогучу цIарна уллехь лезгойн хелхар деш яьккхина видео бахьана долуш бехктакхаман гIуллакх долийра адамаш дIадоьхкина меттиг сийсазяьккхина аьлла.
  • Стохка Дагестанехь кхиазхоша котамийн гIогIаш а деттинера, хелха а бевллера Сийлахь Даймехкан тIамехь эгначийн сий деш латийна йолчу даим йогучу цIарна уллехь. Церан леларна а тIе тидам бахийтира низамаш лардон органийн белхахоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG