ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Джо Байдена йовзийтина шен йолан деклараци


Американ президента а, вице-президента а йовзийтина шаьшшинна 2020-н йолан декларацеш. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена а, цуьнан хIусамнанас Джилл Байдена а стохка даьккхина 607 сов эзар доллар. Американ вице-президента Харрис Камалас а, цуьнан хIусамдас Эмхофф Дага а – 1 миллион 700 эзар гергга доллар.

Президентана а, цуьнан зудчунна тIедеъна рицкъ ду пенсийн фондера схьаделла ахча а, кхоалгIа дакъа ду цаьршинан долахь йолчу компанеш беана пайда а, цу юкъахь ю книгех а, цхьацца меттигашкахь къамелаш дарна а хилла ахча.

Джилл Байдена кхин а 13 эзар гергга доллар даьккхина Вирджинерчу цхьана жимачу колледжехь ингалсан мотт а хьехна. БайденгIарна шайна тIедеанчу рицкъах 26 процент ял елла федералан хазне, кхин 5 процент ял елла кхушара Дечкен-баттахь КIайн ЦIийне даха дехьадалале шаьшшиъ даьхначу Делавер штатан хазне.

Вице-президентан доьзална хиллачу пайданах коьрта дакъа ду садаIаран а, зорбан-гIирсийн а свферехь юрист болх бечу майрчо балхахь эцна долу алапа. Цаьршинан федералан йолан терахь ду 622 эзар доллар.

КIайн ЦIийнан дIахьедарехь аьлла ду, шена хиллачу пайданах лаьцна хаамаш Iора бахарца президенто кхидIа хьуш ду "цкъа а ала мегар долуш хаьдда доцу", цул хьалха президенташа иза деш хиларг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG