ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчу Мангал-баттана билеташ дохкар сацийна "Аэрофлото"


Оьрсийчоьнан "Аэрофлот" авиакомпанино Мангал-бутт чекхбаллалц аьлла сацийна Туркойчу ечу рейсашна билеташ дохкар, коронавирусца къийсам латторан оперативан штабо бакъо елла йолу кIиранах ши рейс а йитина. Цунах лаьцнахаам бо Радио Свободано, ТАСС агествона тIе а тевжаш.

"Аэрофлотан" официалан векло Демин Михаила дIахьедина, Мангал-баттахь хир йолчу рейсашна билеташ дохкар сацийна, "некъахошна цатемаш ца хилийта, и кеманаш ца лела мегаш хиларна".

Цхьа де хьалха цхьамогIа зорбан гIирсаша хаам бира, Стигалкъекъа-беттан 15-хь дуьйна Мангалан-беттан 1-чу кхаччалц Туркойчу кеманаш лелар доьхкуш бина сацам къидIа и бут чекхбаллалц бахбан мегаш бу аьлла. Оперативан штабехь и хаам бакъ ца бира.

Охан-беттан 12-хь Оьрсийчоьно цхьана ханна сацийра Охан-беттан 15-чу дийнахь дуьйна Мангал-беттан 1-чу дийне кхаччалц кеманаш лелар Туркойчу а, Танзане а.

Дехкарш кIелла яхна Москва-Истанбул рожера а, чартеран а рейсаш. Охан-беттан 15-хь – Мангал-беттан 1-хь 30 миллард сов соьмана Туркойчу турашна бронь йинера 500 эзар Оьрсийчуьрчу вахархочо. Церан дезна я хан хийца, я цае ш йита уьш.

Тергамхоша билгалдоккху Оьрсийчоьнан Iедалийн оцу сацаман политикан кӀелдӀашхе а хилар. Охан-беттан 10-хь Истанбулехь визитца хилира Украинин президент Зеленский Владимир. Цуьнца хиллачу цхьаьнакхетарехь президента ЭрдогIан Реджепа дIахьедира, Тукойчоьно ца лору аннекси йина ГIирма Оьрсийчоьнан хилар аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG