ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францино юхаван дихкина Нохчийчохь вайначу Гадаевна


Гадаев Мохьмад
Гадаев Мохьмад

Нохчийчохь карош воцучу Гадаев Мохьмадана ша ваьхначу къилба-малхбузерчу Лакхара Вена департаментан Лимож гIала юхаван дихкина Францин Пачхьалкхан Кхеташоно, хаам бо Кавказ.Реалиино. Францин Iедалш шеко йолуш ду иза "исламистийн боламца" уьйраш йолуш хила мега аьлла, адвокаташа цунна даймахкахь ваха кхераме ду бахахь а.

Францин кхелан административан гIуллакхашкахула лаккхара инстанци йолчу Пачхьалкхан Кхеташоно чIагIдарехь, Оьрсийчохь Гадаевна кхерам хиларан тоьшаллаш дац.

Оцу юкъана, Гадаевн адвокаташа хьажар доьху оцу Кхеташонан декъашхошка, мухIажираш а, махкалла доцу нах а ларбечу Францин хьукмато (OFPRA) кечдинчу рапорте. Цунна тIехь билгалдаьккхина ду, Нохчийчуьра схьаваьллачу оцу стагана кхерам хилар "данне а мегар дац шеконе дилла" аьлла.

Гадаевн адвокаташа латкъам бина Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле. Царах цхьамма, Алими Ариес, латкъам хьажийна Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министре а, Парижан а, Лакхара Вена а департаментийн префекташка а, "цара кхечу стеган дахар кхераме дилларна".

  • Францехь лецира Гадаев Мохьмад Охан-беттан 8-чохь, иза полице вахча. ХIора денна лелаш вара иза цига, ша депортацех хьалхавоккхуш кхело бина сацам кхочушбеш: адвокато тоьшаллаш далийнера цунна Оьрсийчохь ваха кхераме хилар тIеччIагIдеш.
  • Амма кхелан сацам а ца ларбеш, Францино экстрадици йина цунна. Хьалхо ша депортацин лагерехь сацийча, протест кхайкхош, шен гай цистира Гадаевс.
  • Москва дIакхачийча, "Шереметьево" аэропортехь ФСБ-н белхахоша сацийна латтийра иза, адвокаташа а, юкъаралхоша а сахьташ дехира иза дIахецаре хьоьжуш.
  • Шен ваша вехачу Новый Уренгой дIа а хьажийна, цига дIакхаьчча лаьцна Гадаев.
  • Нохчийчохь Охан-беттан 10-чохь Гадаевна дуьхьал бехктакхаман дов гIаттийна низамехь а доцуш герзаш лелорна. Талламан урхаллаша цо герз къайладаьккхина меттиг карийна боху.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG