ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу "репрессийн дарцах" лаьцна кехат хьажийна Европан Кхеташоне


Европан Кхеташо – Оьрсийчоь цIе йолчу Гражданийн форуман векалша юха а дIахьедина Москвано Европан Кхеташонан декъашхо хуьлуш шена тIелаьцна декхарш кхочуш дан дезаш хиларх лаьцна. Оцунах дуьйцуш ду форуман декъашхоша Европан Кхеташонан министрийн комитете хьажийначу зорбан гIирсашкахула дIасадаржийначу кехата тIехь, хаам бо Радио Свободано, "Немцойн тулгIе" зорбан гIирсана тIе а тевжаш. Оцу комитетехь гIантда ю Германи стохка Лахьан-баттахь дуьйна.

Европан Кхеташонан гурашкахь Оьрсийчоьно буьззинчу барамехь даре дан дезаш ду ша жоьпаллехь хилар, иза юхаяла еза гражданийн юкъараллин векалшна дуьхьал репрессеш лелоран политах, яздина ду кехатан текстехь.

"Навальный Алексей дIалацаро а, 2021-чу шарахь Дечкен-баттахь, Европерчу адамийн бакъонашкахула кхело бина сацам а талхош, цунна кхел яро а гайтина дукха хенахь дуьйна йолу, шена политика бахьана долуш дика ца хета сацамаш кхочуш а ца беш битарца йоьзна проблема," – билгалдоккху кехатан авторша.

Цара иштта яздо тIаьхьо Оьрсийчохь доладеллачу "маьрша дуьхьалонан акцийн декъашхошна а, бакъонашларъярхойн Iедалша йоьзна йоцучу юкъараллийн белхахошна а дуьхьал даьккхинчу репрессийн дорцах" лаьцна.

Гражданийн форуман векалша билгалдоккху, Навальныйн гIуллакхехула Европан Кхеташонан адамийн бакъонашкахула йолчу Комиссаре Миятович Дунье бинчу а, Кхеташонан куьйгалхоша цхьаьна бинчу а кхайкхамаша, гарехь, хIумма а хийцина ца хилар.

Кхайкхаманна кIел куьг таIийна форуман инициативан тобан координаторо Ральф дю Лонга а, форуман сацамаш кхочушбаран директора Севортьян Аннас а. Европан Кхеташо – Оьрсийчоь Гражадийн форуман декъашхо ю 180 сов Оьрсийчуьра а, Евробартера а коммерцин бух боцу юкъаралла. Иза кхоьллина 2011-чу шарахь.

"Форуман Iалашо ю, юкъаметтигаш чIагIъяр гражданийн юкъараллин вовшахтохараллашна юкъахь, Оьрсийчоьнан а, Европан Кхеташонан а интерграци хиларна накъосталла дан", - аьлла ду оцу вовшахтохараллан сайта тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG