ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iазап латто а, адамаш дайъа а елла индульгенци?


OSCE - Европехь кхерамазаллан а, цхьаьнабелхан а вовшахтохаралла (The Organization for Security and Co-operation in Europe - OSCE)

Оьрсийчоьне юха а кхайкхам бина Нохийчохь гей олу нах хьийзорна таллам баре.

Дуьненаюкъара дов эккхар доьрзуш дац, ЛГБТ олу нах лечкъорца а, байъарца а доьзна долу. Охан-бутт чекхболуш 29 пачхьалкхан Iедалша дагадаийтира Оьрсийчоьнна, Европехь кхерамазаллан а, цхьаьнабелхан а вовшахтохаралло (OSCE) и зуламаш таллар хьокъехь елла рекомендацеш. Амма я Соьлжа-ГIалано а, Кремло а хIинца а цхьана а кепара тергал ца деш дитна иза.

Кхерамазаллин хроника

2017-чу шарахь Европан Кхеташонан Парламентийн ассамблеян а, Европехь кхерамазаллан а, цхьаьнабелхан а вовшахтохараллан а демократехула а, адамийн бакъонашкахула а йолчу юкъарчу комитето 2017-чу шарахь резолюцин проектана гIортор йира "Малхбалерчу Европера хьал" цIе йолчу резолюцин проектана. Оцу проектехь критика яра Оьрсийчохь адамийн бакъонаш ларъярца доьзначу хьолана, кхайкхам бара оцу пачхьалкхан Iедалшка ЛГБТ-юкъараллан Нохчийчуьрчу декъашхойн кхерамазалла ларъйе аьлла.

2017-чу шарахь Охан-баттахь Европехь кхерамазаллан а, цхьаьнабелхан а вовшахтохараллан кхета дийзира оцу нахана дина зуламаш таллар сецна хиларх , бехктакхаман гIуллакхаш долийна ца хиларх а.

Тхо хIинца цхьана а дикачуьнга ладоьгIуш дац дуьненаюкъарчу вовшахтохараллашкара а, церан Нохчийчу йолчу визиташкара а

Кхин а цхьа шо даьлча Европехь кхерамазаллан а, цхьаьнабелхан а вовшахтохараллана юкъарчу 16 пачхьалкхо кхочушъян йолийра "Венера механизм" олу программа. Иза леррина мониториг яра кеп ю, оцу юкъайогIучу пачхьалкхаша адамийн бакъонаш ларъярехула а, демократехула а шайна тIелаьцна декхарш кхочуш дарехула. Оьрсийчоьне юха а хаттарш хьажийра Нохчийчохь адамийн бакъонаш йохош хиларца доьзна долу.

Европехь кхерамазаллан, цхьаьнабелхан а вовшахтохаралло довзийтинчу документехь дуьйцуш дара тIаьххьарчу 20 баттахь республикехь хуьлург бахьана долуш ша саготта хилар. Дуьйцург дара харцонца адамаш дIалецар а, уьш дайъар а, меттигера бахархой лар йоцуш бовш хилар а, бакъонашларъярхошна Iаткъам беш хилар а, ткъа иштта Нохчийчоьнан куьйгалло секс-кIезигхошна тIехь ницкъ байтина хилар а, церан доьзашка уьш "сий лардеш" байъаре а кхайкхина.

2018-чу шарахь Лахьанан баттахь Европехь кхерамазаллан а, цхьаьнабелхан а вовшахтохаралло сацам бира "Москван механизм" (Московский механизм) олу кеп юкъаяккха еза аьлла. Оцу механизмаца а догIуш, экспертех я докладхойх лаьтта леррина мисси кхолла езаш яра, адамийн бакъонаш ларъярца доьзначу хьолаца болх бан.

Нохчийчохь хьал талла декхарелахь винера Европехь кхерамазаллан, цхьаьнабелхан а вовшахтохараллан Австрера эксперт, дуьненаюкъарчу бакъонан профессор Бенедек Вольфганг. Нохчийчуьрчу Iедалша оцу кепарчу комиссешна шаьш дуьхьал хилар хаийтира меттигерчу омбудсмен волчу Нухажиев Нурдехула.

"Тхо хIинца цхьана а дикачуьнга ладоьгIуш дац дуьненаюкъарчу вовшахтохараллашкара а, церан Нохчийчу йолчу визиташкара а", –дIахьедира Нухажиевс.

Оьрсийчоьнан федералан Iедалша оцу докладана конструктиван кеп йолу жоп ца делира

2018-чу шарахь ГIуран-баттахь профессора Бендека шен доклад йовзийтира, Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъярца доьзначу хьолах лаьцна. Цо бинчу талламо тIечIагIдира меттигера бахархой динна тобашкахь харцонца лецна хилар. Бендеко иштта тIечIагIбира республикехь ЛГБТ-адамаш хьийзош хиларх лаьцна болу хаам, оцунах лаьцна берриг а хаамаш "кхеташ" а, "юхатохалур боцуш" а хилар.

Гейшна дуьхьал гIаттийна кампани цо юьйзира Нохчийчоьнан а, федералан а Iедалашна хетачуьнца. Жоьпаллехь болчу нахана юкъахь цо хьахийра Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, меттигерчу парламентан гIантда Даудов Мохьмад а.

2019-чу шарахь Зазадоккху-баттахь Iезап латтар ца хилийтаран Европан комитето бехке йира Оьрсийчоь, Нохчийчохь а, Къилбаседа Кавказерчу кхечу республикашкахь а хIоьттинчу хьолехула юкъаметтигаш лело реза ца хиларна. Кхин а ши шо даьлча Европан кхеташоно керла санкцеш кхайкхийра Оьрсийчоьнна дуьхьал ЛГБТ-юкъарлон векалшна а, Iедална критика йинчу нахана а тIехь Iазап латторна. Уьш хьакхалуш яра Аргунерчу полицин хьаькамах Катаев Аюбах а, республикан вице-премьерах, СОБР "Терек" олучу тобан хьаькамах Висмурадов Абузайдах а (тиллина цIе "Патриот").

2021-чу шарахь Охан-беттан 19-хь кху дуьненерчу 29 пачхьалкхо шайн арахьарчу гIуллакхийн министраллин сайташна тIехь зорбане ехира Нохчийчохь ЛГБТ-юкъарлонера адамаш хьийзор хьокъехь таллам барца йоьзна рекомендацеш. Оцу дIахьедарна тIе куьг таIийначу пачхьалкхаша къаьсттина билгалдаьккхира, "доклад йовзийтинчул тIахьа даьллачу шина шарахь Оьрсийчоьнан федералан Iедалша оцу докладана конструктиван кеп йолу жоп делла ца хилар ".

Оцу кепара, дуьненаюкъаралло даре дира хьал дIанисдан Оьрсийчохь хIумма а дина цахилар.

Массо а кхеташ ву нохчийн Iедалшна елла индульгенци хиларх, ЛГБТ-адамашкахь Iазап латто а, уьш байъа а аьлла

Оьрсийчоьнан ЛГБТ-юкъарлонера адамаш Нохчийчохь хьийзор, тIаьхьа а ца тоьтташ, эвсараллица талла доладе аьлла биначу кхайкхамна кIел куьйгаш тIаIийра Люксембурго а, Австино а, Австралино а, Албанино а, Бельгино а, Британино а, Германино а, Грецино а, Данино а, Исландино а, Испанино а, Италино а, Кабо-Вердено а, Канадо а, Коста-Рикано а, Литвано а, Мальтано а, Нидерландаша а, Норвегино а, Португалино а, Слованино а, Американ Цхьанатоьхначу Штаташа а, Финляндино а, Францино а, Чехино а, Чилино а, Швейцарино а, Швецино а, Эстонино а.

Дагахь бац шаьш динчу тIедожорна тIерабовлла

"29 пачхьалкхо дина дIахьедар кхетуьйтуш сигнал ю Оьрсийчоьнан Iедалшна, ЛГБТ-адамаш Нохчийчохь хьийзорах лаьцна хаттар дуьсур хиларан дуьненаюкъараллан коьртачу кхочуш дечу хаттаршна юакъахь, иза гIамара юкъа дохуьйтур дац. И хаттар шуьйра лаьтташ ду – иза системан кепехь лело харцо ю: адамаш лечкъор, Iазап латтор ткъа иштта республикехь, кхел а ца еш, уьш дайъар", - боху Human Rights Watch вовшахтохараллан Европехула а, Юккъерчу Азехула а йолчу программан директоран гIовс йолчу Локшина Татьянинас.

Мехала ду Масквана хаийтар цхьа а дагахь цахилар иза дицдан

Цунна хетарехь, дуьненаюкъараллин велкалш жигара хилахь, оцо, мел лаххара а, гIо дан мега зуламаш даран тIегIа лахдан. Бакъонашларъярхо, "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-маша" кхоьллинчу Кочетков Игорна а хета, кхечу пачхьалкхаша беш болу Iаткъам чIогIа мехала хилар, цо дицдала ца дуьту дина зуламаш аьлла.

Кавказ.Реалиица къамел деш цо элира, массо а кхеташ ву нохчийн Iедалшкахь индульгенци (къиношна геч деш католикашна мехах луш долу кехат - ред) хиларх ЛГБТ-адамашкахь Iазап латто а, уьш дайъа а аьлла. И бахьана долуш Соьлжа-ГIалахь цхьа а терго йоцуш дуьту дуьненаюкъараллана хетарг, цундела мехала ду дуьненакъаралло кхин дIа а Iаткъам бар билггала Кремлна.

Кочетковна хетарехь, 29 пачхьалкхо арахецначу дIахьедаро гойту, уьш дагахь ца хилар Нохчийчуьра зуламаш таллра тIедожорна юхайовла: "Мехала ду Масквана хаийтар цхьа а дагахь цахилар иза дицдан".

Оьрсийчохь адамийн бакъонаш талхош хиларна саготта ду шаьш, бохуш дIахьедарш дечу юкъана Европерчу пачхьалкхашкара цIахьежош бу Къилбаседа Кавказера мухIажарш. Ша аьлча, Охан-беттан 9-хь Францера араваьккхина нохчийн набахташкахь Iазап латтош хиларан теш волу Гадаев Мохьмад. Германино, шен агIор, араваьккхина Нурмагомедов а, Хьалха МартантIерчу полицин декъехь къайлаха чувоьллина баттахь латтийна волу Мамуев а. Оццу хенахь Швецере депортаци йина хилла нохчо Афанасьев Кана цхьа бутт баьлча вийна карийна.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG