ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн гонна Германин кхеле арз дина бакъоларъярхоша


Даудов Мохьмад а, Кадыров Рамзан а
Даудов Мохьмад а, Кадыров Рамзан а

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан уллорчу гонашкарчу пхеа векална дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхар дехна Европан конституцин а, адамийн а бакъонашкахула йолчу центро а (European Center for Constitutional and Human Rights, ECCHR), "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано" а

Бакъоларъярхоша Iедалхошна а, ницкъахошна а бехкаш дохку махкахь бакъо йоцуш гейш лецарна а, царна тIехь къизаллаш лелорна а, мел лахара а 150 стаг вен тIехьехарна а. 97 агIонах лаьттта документ зийначул тIаьхьа Британин The Guardian газето бина и хаам.

Хаамийн гIирсо

яздарехь, Германин прокуратуре динчу арз тIехь билгалваьккхина, ЛГБТ-векалшна тIаьхьаваьлла леларна Евроберто хьалхосанкцеш тоьхна Нохчийчоьнан вице-премьер Висмурадов Абузайд а, Устрада-гIалин полицин декъан хилла хьаькам Катаев Аюб а, иштта Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад а.

Дуьненаюкъарчу зуламийн кхеле (МУС)хIинцале а иск чуелла бакъоларъярхоша, Нохчийчохь гейш лоьцуш хиларна тIехула, делахь а, 2016-чу шарахь Оьрсийчоь МУС-ан юрисдикцина юкъара елира.

Оцу юкъанна, Германин низамаш кхолларо универсалан юрисдикцин принципаш тIехь бакъо ло адамашна дуьхьал миччахь а зуламаш лелийнахь, жоьпалле озо.

2017-чу шарахь "Новая газето" Iорадаьккхира Нохчийчохь ЛГБТ-юкъараллан векалш лецна а, байъина а хиларх. ЧIагIдарехь, 150 сов стаг бакъоларъярхорша регионера араваьккхина, царех доккхах долу дакъа Оьрсийчуьра а дIабахна.

Бакъду, Талламан комитетан зеро жамIаш ца делира: бехктакхаман гIуллакх дуьхьал ца даьккхира.
Нохчийчоьнан Iедалхоша бакъ ца до шаьш репрессеш яр, республикехь "гейш бац", бохуш, дIахьедарца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG