ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мадбеллачу стоьмах тарвина". Кавказхойн бакъонаш эшайо набахтешкахь


"Меркурьева Карина

Охан-беттан юккъехь Нохчийчуьра волчу тутмакхо Дахтаев Iалбека дийцира, Владимир-махкарчу Т-2 набахте хьажийначунна деш хуьлучу таIзарех, хьоьгуьйтучу къизаллах лаьцна. Новкъаваккхале цунна хаийтира набахтийн урхаллин белхахоша иза цига "кагван"вуьгуш вуйла. Шозза а ца витира цунна тIе адвокат. "Суна иза таIзар дечу изоляторехь вуйла хааррий бен, кхин хIума дац цунах хууш. Цунна шена а ца хаьа ша цига – ШИЗО - стенна хьажийна. Цхьа а комисси а ца кхоьллина, шегара даьлла цхьа а вониг дац, боху цо ша", – дуьйцу Дахтаевн адвоката Чванова Юлияс.

Къилбаседа Кавказерчу тутмакхийн бакъонаш талхор – иза диллина лаьтта хьал ду, чIагIдо бакъоларъярхоша. "Гражданское содействие" цхьаьнакхетараллин (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара язйина ю иза, амма цо тIе ца эцна шена иза) информацица, 20I9-2020-чу шерашкахь адамийн бакъонаш талхор доьзна хилла динан гIуллакхашца а, сов ницкъ наханна дуьхьалбахарца а.

Набахтин администраци цуьнна дуьхьалъяьлла Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле цо арз хьажорна.

Радио Свобода хаамца Дахтаев Iалбек Мурманскерчу №17 набахтехь хилла хан токхуш. 2004-чу шарахь, низамехь йоцчу тIеман гIеранан декъашхо ву аьлла, 25 шарна набахте хьажийна иза. 2018-чу шарахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело къастийна цуьнгара тоьшаллаш Iазапна кIел а латтош даьхна хилар. Цул сов, Оьрсийчоь бехкейина адаман шена тIехь кхел нийсонца яйта а, шен а, доьзалан а дахаран ларам байта а йолу бакъо йохийна хиларна. 37 эзар евро дала кхачийна компенсаци еш тутмакхна, амма и сацам хIинца а бац кхочушбина.

– Шуна шайна а хаьа, терроризмца доьзна таIзар динчаьрга мел ларам бу. Царех наггахьверг а вац уггаре луьра хьелашкахь (СУС) ца кхобуш. Дахтаев юьхьанца дуьйна ву оцу хьелашкахь латтош. Юьхьанца Омскехь вара, цул тIаьхьа Мурманск-махка хьажийна. Юьхьанца мел а тийна дара хьал, ткъа тIаьхьа, Европан адамийн бакъонийн кхел долаелча, йолийра хIара IалгIож а, Набахтин администраци цуьнна дуьхьалъяьлла Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле цо арз хьажийнорна",- дуьйцу Дахтаевн Мурманскерчу адвоката Леткаускайте Лаурас.

Страсбурго Дахтаевна 37 эзар евро кхачийнийла хиича, набахтин хьакам оцу ахчанах ах шена деха воьлла. Оцо лора шена "кхидIа а парггIат чохьвалла некъ", боху тутмакхо.

Иза царна легашка гIоьртина вара

"И кхерамаш бахьана долуш оха Талламан комитете бехктакхам гIаттор доьхуш арз хьажийра. Кхеташ ма-хиллар тIе ца ийцира. Оха аьрзнаш дар дIадахдира. Тхоьга дан делларг цхьаъ бен ца хилира – кхело низамехь дац аьлла, юхадаьккхира, Дахтаев экстремист ву, цо идеологин литетратура яржо тарло аьлла, иза профилактикан хьелашка хIоттор", – дуьйцу Леткаускайте Лаурас.

Цахеддаш лаьтта кхелаш, Страсбургерчу кхелехь толар – и дерриг а набахтин куьйгалла Дахтаевна дуьхьал доккхуш дара. "Кхеташ ду, иза царна легашка гIоьртина вара. Цундела цара иза колонера набахте хьажор а дийхира", – чIагIдо адвоката.

"2020-чу шеран ГIуран-баттахь набахте дехьавакха сацам тIеийцира, ткъа 202I-чу шеран Зазадоккху-баттахь цига дIавигира Дахтаев. Кхеташ ду, муха ю Владимир. Иза массара а елхайо. Дахтаевс бахарехь, цуьнга ша набахтин хьаькамо я оперативникех цхьамма аьлла, Владимире "кагвайта" хьажош ву иза, ахь кхузахь тхан садиина, цигахь я ницкъ бина я зуда санна хьийзийна, "хьошур ву" хьо". Иштта дуьйцу адвоката. Радио Свобода зIене елира Мурманскерчу набахтийн урхаллин пресс-веккалтца, дийхира Дахтаевна кхерамаш тьуйсу бохучунна комментари яр. Жоп ца делла.

Владимире тутмакх дIахьажийначул тIаьхьа гIуллакхна юкъайоьлла кхин адвокат – Чванова Юлия. Цунна Дахтаев цкъа бен ца гайтина – Т-2 набахте хьажавалц йолчу ханна иза кхачийна Пакино юьртарчу №7 набахте. "Нагахь санна цхьана бахьаница со цунна тIе ца йитахь, электронан кехат цуьнга айса яздийр долуш барт бина оха", – дуьйцу Чвановас.

Набахтехь ламазан куз а, КъорIан а дIадаьккхина, ницкъаша маж а яьшна

Цо эрна сагатдеш ца хилла: Дахтаев Т-2 набахте дIакхачийча, иза гойла хир дац цуьнан. Шозза ца йитина иза цунна тIе, юьхьанца аьлла, тутмакхашца адвокаташ вовшахкхета чоь мукъа яц, оцу дийнахь набахте цхьа а адвокат вахана воццушехь, шозлагIа яхча аьлла, белхан де чекхдаьлла. Радио Свобода зIене яла гIоьртина Владимир-махкарчу набахтийн урхаллица. Жоц ца деана цкъачунна.

Ша тутмакхна тIе ца кхачаелча, цуьнга электронан кехат яздина Чвановас. Охан-беттан 29-чохь жоп деана. "Довзуьйту ас сайгара хьал. №7 колонера Т-2 дехьаваьккхина со. Схьакхаьчча соьга элира, суна гIудан изолятор къастийна (ШИЗО), иза суна №7 набахтехь 14 денна тоьхна боху. Амма №7 набахтехь иза хьахийна а дацара. Комисси а ца хиллера. Сайна иза стенна тоьхна со кхеташ вац. Охан-беттан 28-чохь ШИЗО чекхъелира, амма 27-чохь суна цигахь даккха кхин а 10 де-буьйса тоьхна. Стенна тоьна-м ца хаьа суна. Ас цаьрга, хьо еана хиллий, хаьттина, ца гIоьртина-те адвокат суна тIекхача. Шайна ца хаьа, элира", – яздина Дахтаевс. Цул сов цо лелочу динан атрибутика а дIаяьккхина цуьнгара – ламазан куз, КъорIан, ницкъаша маж а яьшна.

Къилбаседа Кавказерчу тутмакхаша массарел а дукха гIело лов набахтешкахь. Деккъа 2019-2020 шерашкахь бакъоларъечу "Гражданское содействие" комитете тутмакхашкара а, церан гергарчаьргара а кхаьчна 543 арз. Дукха хьолехь массо тайпа бакъонаш эшош хиларх ду и аьрзнаш, билгалдоккху Къилбаседа Кавказерчу тутмакхаша набахтешкахь ловчу халонех лаьцна документ кечдинчу Титиев Оюба. Уггаре хьалха далхориг ду етташ хилар. "Дисинарг дерриг а, хала делахь а, лалуш хуьлу", - боху Титиевс.

Титиев Оюб
Титиев Оюб

Иркутскехь цхьа а балхах паргIат адвокат ца караво суна

Къилбаседа Кавказерчу нехан аьрзнаш кхин а дукха хир дара, юкъараллин цхьаьнакхетаршка царна гIо далуш хилча, тешна ву Титиев. "Набахтеш уггаре къевлина а, къиза а ситема ю Оьрсийчохь. Цигахь лела Iазап дийца а лур доцуш инзаре ду. Ситуаци хIора шарахь оьшуш схьайогIу", - боху Титиевс.

Цо дийцарехь, уггаре дукха тутмакхаша аьрзнаш ден набахтеш ю Мордовера, Владимир, Иркутск, Саратов, Оренбург, Архангельск мехкашкара. "Масала, Иркутскехь цхьа а мукъа адвокат ца карош хьийза со – Iедалх кхоьру массо а, ца баьхьа тутмакхийн агIолаца", - элира бакъоларъярхочо.

"Нохчийчохь ши тIом боьдучу хенахь цига хьийсийна хилла бу набахтийн системера белхахой. Къибаседа Кавказерчу тутмакхех дукхахберш тIемалой бу. Царна тIехь гIелонаш латтайо Кавказехь тIемашкахь хиллачу белахахоша. Шайн тIамехь чекх ца яьлла йолу ерриг а оьгIазалла яссайо ког а, куьг а дихкинчу хьесапехь чохь воллучу тутмакхна тIе", - боху Титиев Оюба.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG