ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абхазехь вийна хьалхарчу президентан вешин кIант Ардзинба Кемал


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Сухумехь вийна ша йозуш хилар дIакхайкхийначу Абхазин хьалхарчу президентан Ардзинба Владиславан вешин кIант Кемал Ардзинба, хаам бина Кавказ.Реалиино. Болчу хаамашца, иза снайперан топ тоьхна вийна шен хIусамехь. Цхьана версица иза бекхам бар хила мега.

Дийцарехь Ардзимба декъа хилла, 2019-чу шарахь Лахьан-баттахь МухIажирийн Хийист урамехь кхо стаг верна. Цигахь герз тоьхна вийнера "криминалан къу" ву бохуш вуьйцуш волу Авидзба Алхас а, Шамба Астамур а, ткъа иштта и шиъ хиъна Iаш хиллачу ресторанан белхахо Акиртава Доменика а.

Меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, 46 шо долу Ардзинба велла респуликан дарбан цIийнехь.

2010-чу шарахь веллачу Ардзинба Владиславан кIант ца хиларна, цуьнан вешин кIант вара хиллачу президентан цIе тоьхна кIант, цу кепара доьзалехь верас лоруш а волуш.

Ардзинба жимаха верг вевзаш вара криминалан юкъараллехь тоъала авторитет хиларца, цуьнца цхьаьна иза цхьа а официалан статус йолуш вацара "низамехь къу" вара ала.

2004-чу шарахь, хаамаш баьржира, Ардзинба Кемал вен гIоьртина муьлш буц а хуу нах аьлла. Стохка, Ардзинба Владиславан цIанна герз тоьхча, социалан машанашкахь яздора, иза динарш байинчу криминалан авторитетийн гергара нах хилла, цара лоьхург Ардзинба Кемал хилла бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG