ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Госдумо ца магийна шен могIаршка Навальныйн агIочаш харжа


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо хьалхарчу дешарехь низаман проект тIеэцна, парламентан харжамашкахь бакъо ца луш долу дакъалаца Оьрсийчохь экстремизман ю аьлла цIетоьхначу вовшахтохараллийн декъашхошна я царна гIотор еш болчу нахана, хаам бо Радио Свободано. Документ гучудаьлла Думан сайта тIехь.

Низаман проект ю юханехьа лелан ницкъ болуш. Цуьнан текстца а догIуш, и низам хьакхалуш хир ду дехкар юкъадаккхале кхо шо хьалха дуьйна вовшахтохараллийн агIончех.

Эшахь цо бакъо ло парламенте ца харжийта Навальный Алексейн Коррупцица къийсам латторан Фондан хилла бехахой а, церан агIончаш а, нагахь Фонд кхело экстремизман вовшахтохаралла ларахь (цу хьокъехь гIуллакх къастош ду кхелехь).

Навальныйн накъоста Волков Леонида шен хетарг аьлла, низаман проект леррина кечйина ю аьлла, оппозиционеран тобанна а, цунна гIортор ечу нахана а дуьхьал. Цо мах хадорехь, и дехкар хьакхадала мега оппозиционеран фондашна ахча деллачу 200 эзар сов стагах.

ДIаяхнчу хенахь хиллачух а иза хьакхалуш хиларна, низаман проектана критика йина парламентан оппозицино – цунна дуьхьалбевлла "Справедливая Россия" а, ЛДПР а паритийн векалш.

Федерацин Кхеташонан конституцехула низамаш дахаран комитетан куьйгалхочо, "Единая Россия" партин дакъашхочо Клишас Андрейс дIахьедина, документ тIехь дикка болх бан дезаш ду аьлла.

  • Коррупцица къийсам латторан Фонд, кхийолу дуккха а гражданийн юкъараллица болх беш ерш санна, юкъатоьхна ю, арахьарчу агентийн олучу тептарна. Оьрсийчуьрчу низамаша декхарелахь бо зорбан гIирсаш цунах лаьцна шайн материалашкахь дагадаийтар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG