Красно Андрей
Лаккхарчу даржехь волчу хьаькамна болх бан магош долу шераш тIехтиллехь а, президента Путин Владимира дIаяхйина Къилбаседа Кавказерчу шен векална даржехь виса магош йолу хан кхин а цхьана шарна.
Оцу хьокъехь Путина омра арахецна Стигалкъекъа-беттан 17-чохь. Иза арадалале политологаш а, меттигера элита а ладоьгIуш Iара: вуьсур ву я вац Чайка Юрий шегарчу даржехь, кху беттан 21-чохь 70 шо шен кхочуш хилча. Пачхьалкхан лаккхарчу даржашкахь Iан йолу бакъо оцу хено кхачош ю. Амма тIедогIуцчу шарахь шен а 70 шо кхочучу президента кхушара, Дечкен-баттахь, Пачхьалкхан Думе низаман проект хьажийра баккхийчу хьаькамашна тоьхна лаьтта и гур дIабоккхуш – парламенто сихонца листина, Охан-баттахь тIечIагIдира низам.
"Даккхий даржехь Iен нах хIиттор а, цунах мукъабахар а караделла Оьрсийчоьнан Федерацин президентана, декхаре вац хьаькам шен 70 шо кхаьчча дарж дита", - боху низамо.
Ницкъхойн мохк
Регионе векал карьера ерзош хьажавора, цул тIаьхьа чекхболура белхан некъ
Кавказ шен исторехь даима а хилла эскарехь къахьегна инарлаш дIахьийсабен меттиг. Кавказехь олалла ден шахьар лаьттина паччахьан заманахь Тифлис – иза юьстах юьсуш хилла Петербургехь паччахьан гоно меттигаш къовсучу боламна. Делахь а векалла цигахь латторца йоьрзуш хилла инарлийн карьера, цул тIаьхьа чекхболуш хилла белхан некъ.
Кавказ шен исторехь даима а хилла эскарехь къахьегна инарлаш дIахьийсабен меттиг
Кавказан хьалхара инарла-губернатор Потёмкин Павел (Екатерина ШолгIачо тIекарло еш хиллачун гергара стаг) ша 1785 шарахь дарже хьажавале Пугачев Емельянан гIаттамна дуьхьал айдина бехктакхаман гIуллакх толлуш Iийна. Ши шо даьлча цуьнан метта хIоттийна волу Текели Петр хьалхо хьийзина хилла Запорожьера гIалгIазакхий бохош. Жигара инарла Гудович, I8I2-чу шеран Даймехкан тIеман турпал Воронцов, Шемал йийсаре вигина волу Барятинский – церан массеран а карьера ерзийна, лаккхара орденаш а луш, оцу даржехь.
И ламаст хийцаделла дац хIинца а: Къилба Федералан гонан хьалхара куьйгалхо Казанцев Виктор а, 2009-чу шарера схьа инарла прокурор лаьттина Устинов Владимир а, Къилбаседа Кавказехь мел лаьттинчу пхеа президентан векалх виъ инарла-ницкъхо ву. Цундела 14 шарахь инарла прокурор лаьттина Чайка Юрий 2020-чу шеран Дечкен-баттахь оцу дарже хIоттор бух болуш лерира тергамчаша.
"Шо хьалха, Къилбаседа федералан гонан куьйгалхочун даржехь Iийна Матовников Александр хуьйцуш Чайка Юрий веъча, иза прокурор хиларе терра, дукхахболучарна хетара цо регионерчу векалтан болх а, регионера хьаьл а кхечу хорша дерзор ду", - боху «Яблоко» партин Дагестанерчу декъан куьйгалхочо Эседов Альберта.
Журналисташа хиттира, «ларам беш» хан такха хьажаво Къилбаседа Кавказе я хан ялале иза Москва юхавуьгур ву?
Политика дагалоьцу Юрий Чайка дарже хIоттийча, цуьнга журналисташа дина хеттарш: «ларам беш» ханна ваийтина иза Кавказе я кестта Москва дIавуьгур волуш хьажийна?
"Хаттар диллина дуьсу тахана а. Тергамчашна хетерехь, даржехь Iен хан яхйинехь, Чайка кестта дIагIур ву", - аьлла хета Эседовна.
Каралацу мукъ боцу дарж
Оьрсийчуьрчу регионалан политикан боламийн эксперт волчу Кынев Александрна гарехь, 2004-2009-чу шерашкахь гIеххьачул Iедал дара инарла-губернаторийн карахь – цара хьоьхура президентна мехкийн куьйгалле хьитто мега кандидаташ. Иза бара церан коьрта болх.
Инарла-губернаторийн карахь кIезиг хIума дисира – тахана уьш мониторинг ярхой бен бац, статусах цIе бен ца йисина
"Медведев президент хIоьттича хийцаелира губернаторш дарже хIоттош йолу кеп, кандидаташ хьоьхура партийн цIарх меттигашкарчу паламенташкахь болчу депутаташа, ткъа массанхьа а, массарел а дукха "Цхьааллин Оьрсийчоь" яра. Инарла-губернаторийн карахь кIезиг хIума дисира – тахана уьш мониторинг ярхой бен бац, статусах цIе бен ца йисина", - билгалдоккху Кыневс.
2000-чу шарахь федералан гонашка президентан векалш хьийсийра меттигашкара низамаш федералан низамашца дIанисдан, ткъа шаьш федералан гонаш пачхьалкхехь цистира тIеман гонашца а нисбеш. Оьрсийчуьрчу ворхI гоне хьажийначу инарла-губернаторех пхиъ вара тIеман инарла. Хьалхарчу иттех шарахь цара кхочушдира шайна къастийнарг. Медведев президентан даржехь а волуш дара инарла-губеранторшка гонаш дIасабалар сацон торуш ду боху къамелаш Iедалехь даьржича, дагалоьцу Кыневс.
Генарчу Малхбалехь инарла-губернаторан дарж дузу экономика кхиорца, ткъа Къилбаседа Кавказехь – ницкъхой чIагIбарца. Чайкас хьалха бина белхаш юьхьаръэцча, цуьнан болх къасталуш бу шел хьалха оцу даржехь Iийначаьрца, аьлла хета политологна.
Iедална оьшуш дац халкъаца дан тору къамелаш, хьанна хаьа цхьаъ нислахь а
Дагестанерчу Iедалх йоцчу цхьаьнакхетараллин белхан координаторийн кхеташонан куьйгалхочунна Хадулаев Шемална хетарехь, Iедална ца оьшу инарла-губернаторшка халкъаца юкъарло леладайта – хьанна хаьа цхьаъ нислахь а, боху цо.
Кавказ.Реалиица къамел динчу кхечу эксперташа а боху Къилбаседа Кавказерчу президентан векала шегара цхьа жигаралла гайтина яц ша шарахь болх беш. Шеца ялийна тоба а йоцуш, ша Iийна иза кхузахь даржехь.
Ткъа "ФедералПресс" редакторна Гусий Андрейна хетарехь, Чайка ледара вара, Къилба а, Къилбаседа а федералан гонашкахь цул хьалха даржехь Iийначаьрца дуьстича.
"Чайка дарж дита лууш ву бохуш дуьйцура 2020-гIа шо чекхдаллале дуьйна а. Амма тамаша бу-кх иза цуьнгара я цуьнан гIовсашкара вайна хазахь", - аьлла йира Гусийс комментари.
Цунна гарехь, президент Путин цуьнгара "схьадериг дерриг а схьаэца" лерина ву, даржехь Iан мега хан ях а йина.
"Мел дукха-кIезиг гIуллакхаш кхочушдина Чайка Юрийс? Дуккха а бина цо болх, Кавказна декриминаоизаци а йина, урхаллашкара нах карла а баьхна. Инарла-губернатор оьшу халкъанна хаийта мила ву коьрта – федералан центр я меттигера хьакамаш", - дуьйцу редактора.
Путина Чайкина даржехь виса елла хан оьшу керла инарла-губернатор лаха, аьлла хета эксперташна. Иза хийца тарло, дийцарехь, ФСБ-н директора Бортников Александра – цуьнан 2022-чу шарахь кхочу 70 шо.