ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белхазалла Нохчийчохь бахархойн бехкенна ю, боху Кадыровс


Нохчийчоьнан кукьйгалхо Кадыров Рамзан тешна ву республикехь дуккха а белхан меттигаш йолуш ю бохучух. Амма нахана болх бан ца лаьа, аьлла цо. Ткъа белхазаллин рейтингехь Оьрсийчуьрчу субъекташлахь шолгIаниг ю Нохчийчоь.

"Болх бац" олуш хазахета вайн адамашна. Амма ца лаьа царна болх бан. 20-40 эзар алапа лучу балха баха а реза ца хуьлу дукха хьолехь. Болх бан луучунна болуш бу иза. Дуьйцурш малончаш бу", - дIахьедина Кадыровс хьаькамийн, ницкъхойн, динан дайн кхеташо йоьдуш.

Цо бахарехь, "нах биллина дIакхойкху белхашка, царна даккхий алапаш а хIиттош", амма уьш реза ца хуьлу.

"Сан йокхахйолу йиша ю юьртабахам лелош, шен фирма ю цуьнан. Цкъа иза хIоьттина шен шина белхахочунна (нанна а, йоIанна а) гIодан, хала бохкуш хилла уьш, хIусам йоцуш, кхидерг а доцуш. Ткъа шайна хIусам елча, болх дIа а тесна, цIахь Iаш бу", - аьлла ду пачхьалкхан хаамийн гIирсаша довзуьйту Кадыровн дешнаш.

Кадыровс чIагIдарехь, тахана Нохчийчохь "долуш ду хьаннал ваха хьелаш".

  • В 2020-чу шарахь Оьрсийчоьнан регионашлахь уггар йоккха белхазалла йолу мохк бара ГIалгIайчоь – 29,8%, шолгIачу меттехь яра Нохчийчоь - 18,5%.
  • Банкашкахь наха ахча латторца Оьрсийчохь массарел тIаьхьара субъект ю Нохчийчоь. Юккъерчу барамехь цхьана вахархочо гулдина ахча ду 11,8 эзар сом.
  • Кегийчу а, юккъерчу барамехь йолчу а ярташкахь оьцучу алапийн барам массанхьачул лахара болу регионаш ю Зазадоккху-баттахь хIоттийначу рейтингехь Нохчийчоь а, ГIебарта-Балкхаройчоь а.
  • Жимчу а, юккъерчу хьесапан а бизнесе нах ийзорах лаьцна хIоттийначу рейтингехь массо а регионел тIаьхьа ю Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а.
  • Нохчийчохь а, Забайкальски махкахь а беха массарел къен пенсионераш, 2019-чу шеран терахьаша гайтарехь.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG