ДIадаханчу шинарин дийнахь Германехь стаг лаьцна, Оьрсийчоьнан федералан кхерамазаллин сервисна (ФСБ) дIаяла материалаш эцна волу стаг, хаам бо Свобода Радионо. "Шпигель"(Der Spiegel) газето яздарехь, юьйцурш ю Оьрсийчоьнан зарратан ракетийн программина оьшуш йолу лаккхарчу технологин компоненташ.
Хаам барехь, Оьрсийчоьнан гражданинца К. Сергейца уьйраш латторна шеко йолу стаг эцархо хилла, ФСБ-н лаам кхочуш беш. Цунна тIе тидам бахийтина "Американ аз" зорбан гIирсо.
Зазадоккху-баттахь К. Сергей немцойн компанин куьйгалхочуьнца цхьаьнакхетта хилла Аугсбург гIалахь. Оцу стеган цIе йоккхуш яц, амма, газето яздарехь, иза хIинцале а бехке вина Оьрсийчоьнна герз дохкар доьхкуш Евробарто кхайкхийна эмбарго йохорна.
Экспорт йон документаш хIиттийна хилла, мехкадаьтта а, газ а йоккхуш оьшу техника оьцуш йолуш санна. Амма, ма дарра аьлча, хаам бо "Шпигела", компоненташ хьажийна хилла, зарратан бомбанаш лелочу баллистикин ракеташ ечу "Новатор" (ОКБ "Новатор") олучу Оьрсийчоьнан пачхьалкхан компанина.