ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полигон "Гуьржийчохь НАТО-н салтий хиларна" юьллуш хиларх кхетийна гIалгIай


Гуьржийчоь, "Хьакъ долу партнер" тIеман Iамораш
Гуьржийчоь, "Хьакъ долу партнер" тIеман Iамораш

ГIалгIайчохь "Нестеровский" олу тIеман полигон йиллар доьзна хаттар шуьйра дуьйцуш ду республикерчу бахархоша, яздо Кавказ.Реалиино. Эскаран векалш кхето гIерта синтема байна нах, тIеман объект яро кхерам ца бохьу царна бохучух.

"Ингушетия" гезето яздарехь, Нестеровская эвларчу бахархошца цхьаьнакхетта 58-чу армин буьйранча Зусько Михаил.

"Республикехь полк оьшу аьлла сацам стенна бинера? Къайле яц дукъ тIехула Гуьржийчоьнца доза хилар, цуьнан территорина тIехь карарчу хенахь НАТО-н салти бу. Хьалха вайна хетара вай Советан Союзехь дехаш ду, амма гучудаьлларг ду, уьш кхуза лула схьабаьхкина, цундела чIагIйеш ю и агIо, республикан хьовха ерриг а Оьрсийчоьнан Федерацин кхерамазаллан дуьхьа, - аьлла Зуськос.

Болчу хаамца, оцу хаттарх лаьцна сацам бина 2018-чу шарахь, амма оцу хенахь дуьйцург полигон яр ца хилла, мотогIашсалтийн полк вовшахтохар хилла, 2,5 эскархо гIуллакх деш а волуш.

"Полк юьтийла дац казармашна чухаийна, цунна Iамораш оьшу. Массанхьа а республикашкахь – Дагестанехь а, Нохчийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а - лаьтташ ю тхан полкаш, цигахь полигонаш ю. Сацам беш республикан куьйгалло а, ТIеман министралло а, полигон мичахь хир ю аьлла, сацам бира билггал кхузахь Нестеровскаяна гергахь аьлла, оцу хенахь юьйцург яра 16 эзар гектар, цул тIаьхьа майда жима яц йира, дIахадийра, дагардира мел латта оьшу, ца оьшург дитира, сов йолу активаш ТIеман министраллина а ца оьшу", - билгалдаьккхира 58-чу армин буьйранчо.

  • Хьалхо хаам бинера, гIалгIайн халкъан Тайпийн Кхеташоно кхайкхам бина Оьрсийчоьнан тIеман министре Шойгу Сергейга, тIеман полигон ян бина сацам юхабаккхар доьхуш, ГIалгIайчохь латта кIезиг хилар а, къастийна территор археологин агIор мехалла хилар а билгалдоккхуш.
  • Полигигоно дIалоцур ду 6300 гектар латта. Оцу лаьттан декъан тIехь бу шира Берд-Юртан баьрзаш, Берешкинера маьлхан кешнаш, Берешкин а, Берд-Юрт кIотарш. Цигахь карийна Кавказан аренашкахь хьалха гина доцу 10-14 чу бIаьшерашкара маьлхан кешнаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG