ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Moderna а, BioNTech а компанийн куьйгалхойх миллиардераш хилла


Коронавирусана дуьхьал вакцина яьккхарца йоьзна Moderna а, BioNTech а компанеш а кхин а 7 стаг а долларийн миллиардераш хилла, церан компанешна хилла пайда алсамбаларна, COVID -19 уьнан дуьхьал вакцинаци дIайоьдуш а йолуш. Цунах лаьцна хаам бина "Настоящее время" зорбан гIирсо, къоьллана дуьхьал къийсам латточу дуьненаюкъарчу Oxfam ассоциацина тIе а тевжаш.

Oxfam ша тIетевжина бакъонашларъярхойн а, медицинийн а вовшахтохараллин People Vaccineʼs Alliance альянсана. Цо бинчу хаамца, Америкерчу Moderna компанин инарлин директоран Бансель Стефанан бахам алсамбаьлла 4,3 миллиарде кхаччал, ткъа немцойн BioNTech компанин инарлан директоран Шахин Угуран бахам – 4 миллиарде кхаччал.

Керлачу миллиардерийн тептарна юкъавахна Moderna-ца воьзна волу кхин а 4 стаг - иммунолог Спрингер Тимоти (2,2 миллиард), директорийн кхеташонан гIантда Афеян Нубар 1,9 миллиард), вакцина чуйотта шиашанаш а, пакеташ а ечу компанин куьйгалхо Лопес-Бельмонте Хуан (1,8 миллиард), ткъа иштта Iилманча Лэнджер Роберт (116 миллиард).

Кхин керла кхо миллиардер ву Китайхь CanSino Biologics компани кхоьллина, Convidicea вакцина йина кхо стаг. Церан бахам а бу 1,3-1 миллиард доллар.

Oxfam-а билгалдаккхарехь, оцу 9 миллиардера даьккхина ахча вовшахтоьхча иза тоьр дара Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло тIедогIу рицкъ лахара лоручу пачхьалкхашкарчу 780 миллион стагана вакцина тоха.

И отчёт зорбане яьккхина People Vaccineʼs Alliance-о Италехь Стигакъекъа-беттан 21-хь Магашалла ларйон Глобалан саммит хилале цхьа де хьалха. Оцу форумехь дийцаре динчу хаттаршна юкъахь дара коронавирусна дуьхьал хьажийна вакцинаш хьокъехь хьегна интеллектуалан къа долахь ларарх юхадовлар. Вакцинашца йоьзна елла патенташ цхьана ханна болх бечу сацорехьа ю Америка, Европера пачхьалкхаш дуьхьал ю цунна.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG